Росгвардин белхахоша теристашна йиттина Краснодаран кIоштахь
10 минот йохалла йолчу видео тIехь Росгвардин ши эскархо ву шайх эххар ведда кIелхьарваьллачу стагана чхьонкарш тухуш. Эшам хилларг ву шеца йолу зуда ницкаллин структурийн белхахойх ларъян гIерташ дуьхьалхIоьттинарг.
"Кубанские новости" новости газетан телеграм-канало дийцарехь, и стаг а, цуьнца йолу зуда а хилла, малар а молуш, хIорда йистехула долалуш. Хууш доцчу бахаьаница цаьршинца довдаьлла Росгвардин белхахойн.
Росгвардино тIаьхьо дийцина, шайн белхахойн тIе тидам бахна хиларх лаьцна, юкъараллин къепе йохийначу нахана. Оцу хаамехь чIагIдарехь, низам дохор сацаде аьлла шайга дехар дича, дуьхьал оьгIазалла гайтина цаьршимма.
Зуда а, стаг а дIа а лаьцна, полисхошка дIаделла, хаам бина Росгвардин векалша.