Коьртахь йовлакхаш доцуш школе дахка ца магийна Дагестанерчу зудаберашна
Коьртахь йовлакхаш долуш деша дахкар тIедожийна Дагестанерчу Кайтагскан кIоштарчу Маджалис эвларчу школан администрацино зудаберашна. Дешаран министралло толлуш ду иза.
Дешархойн дайша-наноша кху беттан 6-чохь дIа а язйина, социалан машанашкахь яржийначу видео тIехь гуш ду, коьртахь йовлакхаш доцу йоьIарий пенах дIа а хIиттийна, школа чу ца буьтуш. Гарехь, дай-наной реза бац оцу суьртана.
Республикерчу дешаран министралло Кавказ.Реалиига хаам барца, дешархошна йовлакхаш тIеэгорна бехк бу кIоштан куьйгаллин. Министраллан информацица, муниципалитетан массо а школашкахь и даржо хьийза кIоштан урхалла. Берийн дайшкара а, наношкара дуккха а аьрзнаш кхаьчна цаьрга оцу тIехула, урхаллан пресс-гIуллакххоша дийцарехь.
"Дешархойн духар а, цуьнан бос а, фасон а школо къастош ду, ишта доьшийлан кхеташоно а, дайн-нанойн комитетан а, школана тIехь терго латточу хьукмато а цхьаьна",- аьлла, билгалдаьккхина дешаран министраллехь. Юьйцучу кIоштахь талламаш бан дагахь бу уьш.
Коьртахь йовлакхаш дацара аьлла, бераш деша чу ца дитина школан директоран гIовс Курбанкадиева Адамкади шаьш жоьпе озор ю аьлла, чIагIо йина Кайтагскан кIоштан Iедалхоша.
Ойсхарарчу бахархоша латкъам бина, цхьацца бахьанашца, школашкахь ахчанаш дохуш хиларх а, "Фирдаус" фирмера дешархойн духар шайга оьцуьйтуш хиларх а лаьцна, яздора "Кавказский узел" интернет-ресурсо. Амма Нохчийчуьрчу Iедалша а, республикан дешаран министралло а харцдира иза, даим а санна.