"Со ца йийна". Тарамова Хьалиматан керла кхайкхам
Доьзалехь бечу ницкъах Нохчийчуьра ХIинжа-ГIала едда, цигара полисхоша юхаялийначу Тарамова Хьалимата кхайкхам бина, "шех лаьцна доцург ца даржош", ша "паргIат йитар" доьхуш. Бертаза цуьнга дIаязяйтина и видео аьлла, тешна бу бакъонашларъярхой.