Басаевх лаьцна пост язъярна чуйоьллинчу жигархочо мацалла лаьцна
Терроризм а, экстремизм а бакъйина аьлла, колонехь даккха 6 шо хан а тоьхна, чуйоьллинчу Краснодаран махкарчу жигархочо Полюдова Дарьяс мацалла лаьцна, № 6 йолчу талламан изоляторехь латторан шен хьелаш вуно вон хилар бахьана долуш.
Цунах лаьцна хаам бина Кавказ.Реалиига тутмакхан нанас Полюдова Татьянас, кхун, Гезгмашин-беттан 13-чохь шен йоIаца телефонехула къамел динчул тIаьхьа.
"Даша, шен амалца собаре йоI ю, сатухалуш ю, ткъа кхузехь белхар саца ца луш яра. Мацалла лаьцна ша, боху кхубеттан 10-хь дуьйна. Камери чохь массо а хIума лачкъийна шен боху. Наркоманкашна юкъахаийна, буьйсанна мохьбетташ хабарш дуьйцу, мохь хьоькху. Дашас шайга гIовгIа ма яхьара аьлча, царах цхьамма урс хьаккхаза йитина иза. Оцу зудчо я урс, я тукар гойту цунна,кхерамаш туьйсу. Бедарш юьтту хIур (порошок) а цхьаьна, ерриг хIуманаш лечкъа йо" - – яздина Дарьин фейсбукан агIонехь цуьнан нанас.
Кавказ.Реалиига йистхуьулш Полюдова Татьянас дийцина, № 6 йолчу талламан изоляторехь шен йоI 2020-чу шеран Дечкан-баттахь дуьйна латтош хиларх лаьцна. Оцу хена чохь камери чуьрчу лулахочо питана тийсарна цо цкъа мацавлла хьийгира.
"ХIетахь талламан изоляторан куьйгалло ладуьйгIира цо бохучуьнга. Мацалла лацар а бен кхин кеп яц ларъяла, боху Дашас", - билгалдаьккхира тутмакхан нанас.
Карарчу хенахь Полюдова Дарья изоляторехь латтош ю. Иза ладоьгIуш ю, ша чуйоллар хьокъехь бина латкъам листа апелляцин инстанцин кхеташо хиларе.
Москван шолгIачу малхбалерчу суьдо бехке лерина "Аьррохьара дуьхьало яр" тобан хьалханча Полюдова Дарья, гуш-хецаш экстремизм лелоре кхайкхамаш барна а, терроризм бакъярна а, Нохчийн респубикан Ичкерин лидерех лаьцна "ВКонтакте пост хIотторна.
Терроризм бакъяр лерира кхело Полюдовас тIемалойн командирах Басаев Шемилах лаьцна дина йозанаш.
Экстремизмах лаьцна дакъа доьзна ду 2019-чу шарахь ГIуран-баттахь Москвахь ФСБ-н гIишлонна уллехь герз кхоьссинчу Манюров Евгенийс аьллачуьнца.
2014-чу шарахь аьхка Полюдова бехке йинера кхело сепаратизме кхайкхамаш бина аьлла. "Марш за федерализацию Кубани" ян еза боху марш ян дагахь хиллера юкъараллин жигархо.
2017 шу шарахь маьршаяьлчул тIаьхьа Полюдовас кхоьллира "Левое сопротивление" (Аьррохьара дуьхьало яр) тоба. Цул хьалха иза жигархо яра КПРФ партина тIера "Рот-фронтана" тIекхаччалц йолчу масех аьррохьарчу цхьамоггIа боламийн.