Путина кхайкхам бина харжамхошка, "дош лардалуш болу депутаташ" харжа аьлла
Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир вистхилла Оьрсийчуьрчу махкахошка Пачхьалкхан думан харжамашкахь дакъалацахьара аьллачу кхайкхамца. Цо аьлла иза вуно ладаме хилам бу мехкан дахарехь.
Президента дийцарехь, оьрсийхой "лаам болуш бу парламенте жоьлла долу а, болх балуш болу а, лоруш болу, шаьш делла дош лардеш болу а нах бахкийта". Думехь болх барца йогIуш яц "популизм а, даьсса къамелаш дар а", цо доьхург ду вуно лакхара гIуллакх хууш хилар", аьлла президента.
Путинна хетарехь, оьшуш бу, Оьрсийчоьнан патриоташна санна тIетовжа мегар долу, сиха а, юха ца хьоьжуш а гIуллакх дан къоман лаам кхочуш беш.
Путина билгалдаьккхина Пачхьалкхан думехь хилар коьрта роль "лаккхара юридикан ницккъ болу а, адаман бакъонаш ларйеш а, цуьнан лаам чекхбоккхуш долу низамаш тIеоьцуш", ткъа, депутаташ тIеоьцучу федералан бюджета "бух буьллу пачхьакхо шен социалан сферехь тIеэцнарг кхочуш деш".
Президента кхайкхина харжамхошка Гезгмашин 17-хь дуьйна "шайна бегIила долчу дийнахь" кхаж тасарехь дакъалаца аьлла. Харжамийн каппашка гIо, я электонан кепехь кхаж таса. "кхузаманахьлерчу технологеш вал дуьллуш хиларна кхерамазалла а, тешаме и а иза хиалрна", билгалдаьккхира Путин Владимира, оьрсийхошка ша бинчу кхайкхамехь.
Ийначу кепехь дIахьура болчу Оьрсийчуьрчу парламентан харжамашкахьс 225 депутат хоржур ву партийн тептаркахула, кхин а 225 – цхьана мандатан харжаман гонашкахь. Пандеми хиларна до аьлла кхаж тасар хир ду кхаа дийнахь – Гезгмашин-беттан 17-19 деношкахь. II регионехь, шайна юкъахь Нохчийчоь а йолуш, хоржур бу куьйгалхой, 39 регионехь депутаташ хоржур бу низамаш дохучу гуламашка.