Воронежан кIоштахь полицин декъана тIелатар дина вевзаш воцчу стага
Воронежан кIоштехь, Лиски гIалахь, герз карахь эскархочун духар доьхна хиллачу стага полицин декъан гIишлонна уллехь герз а кхиссина, цу чу а вахна бомба эккхийтина. Цунах лаьцна хаам бо Свобода Радионо, МВД-н зорбан сервисна тIе а тевжаш.
Министралло бинчу хаамца, Iуьйранна ялхолгIачух ах долуш вевзаш воцу стаг, кIоштан полицин декъан территори тIе а ваьлла, полисхочунна чов а йина, къайлаваьлла машенахь.
Baza телеграм-каналехь болчу хаамашца, эскархочун духар доьхна, тIехь бронежелет а йолуш "Нива" машнца веъна иза ОВД-н гIишлонна тIе. ЦЦу стагехь хилла масатопп. Цул тIаьхьа полицин декъана чувахна бомба эккийтина цо. Цхьаболчу хаамашца, лазийнарг ву ха деш хилла полисхо. ТIелатар динарг лохуш юкъачьккхина "лацаран план".
Mash телеграм-канала бинчу хаамца, полицин декъана тIелатар динарг бехке хила мегаш ву кхо стаг верна.