Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Кадыровн толам а, харжам боцу харжамаш а

Кадыровн толам а, харжам боцу харжамаш а

Рекорд а хIоттош, Нохчийчоьнан куьйгалхочун харжамашкахь толам баьккхина карарчу хенахь мехкан урхалла дечу Кадыров Рамзана, яздо меттигерчу хаамийн гIирсашкахь. Листинчу 100 протоколашлахь 99,7 процент наха кхаьжнаш дIаделла цунна. Тахана, Гезгмашин-беттан 20-чохь дина оцу кепара дIахьедар ЦИК-н информацин центро.

Нохчийчуьрчу Харжамхойн комиссино хаам барехь, Кадыров Рамзанехьа кхьажнаш тесна махкарчу 711 973 вахархочо.

Дагадоуьйту, 2016 -чу шарахь хиллачу харжамашкахь 97,94 процент гайтира дара Iорадаьхначу жамIашкахь.

Оцу юкъанна, Венехь кху беттан 19-чохь Венехь Австрерчу нохчийн диаспоран векалша хIоттийначу митинге арабевллера бахархой. Митинган декъашхоша дIахьедира, Нохчийчоьнан урхалхо а, парламенте депутаташ а хоржуш дIабаьхьна харжамаш легитиме бацара аьлла.

Кавказ.Реалиига барам вовшахтоьхначу Дунаева Розас дийцарехь, дакъалоцуш хилла оцу митингехь 30 гергга стаг. Нохчий боцурш а, гулбелла хилла митингехь Украинера а, Шемара а, Беларусера а, Афганистанера а мухIажарш а. Плакаташ дара церан карахь, къамелаш дора спикерша оьрсийн а, немцойн а меттанашкахь. Венерчу операн театран майданна гергахь дIаяьхьира митинг. Нохчийчохь лела конституци низамехь ца лоруш, гулбеллачара дIахьедора, дIахьош болу харжамаш а бакъонца бац бохуш.

Цхьана декъо даздийр ду Кадыров Рамзан даржехь юха а чIагIвалар. Ткъа шолгIачу декъо Кадыров Рамзан, шен да а санна, махкана ямортло а еш, къам Кремлан караделларг лору. Цунна бехкедо нохчашлахь гIиллакх-гIуллакх малдар, махкахь цкъа а ца леллачу барамашкахь къизалла яржор, адамаш дайар, лецар, махкара нах идар, белхаш бацар, иштта дIа кхидолу а сакхташ.

Ала догIу, Iазапаш лелорна а, кхел йоцуш нах байъарна а, кхиндолчу бакъонаш йохорца а доьзна, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна дуьхьал стохка керла санкцеш ехира Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департаменто.

"Иттех шераш хьалха Кадыровс адамийн бакъонаш масийттазза шога йохийна, иштта, къизаллаш лелорах а, кхел йоцуш нах байарх а жоьпалла цунна тIехь хиларх билггал бакъйолу информаци ю департаментехь", - аьллачу Пачхьалкхан секретаран Помпео Майкан дешнаш далийнера урхаллан пресс-гIуллакххоша.

Билгаладоккху, санкцеш цуьнан хIусамненах Кадырова Медних а, цуьнан йоьIарех Iайшатех а, Каринех а(Хадижат) хьакхалуш хилар.

Кхечу пачхьалкхашка а кхайкхам бира Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа цу кеппара билгалбаьхначу КадыровгIеран доьзалерчу нахана духьал санкцеш яха аьлла.

Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа дуьххьара тухуш яцара санкцеш Кадыровна – 2017-гIа шо доьрзуш Штатийн финансийн министралло ваьккхира иза а, цуьнан гонера массех стаг а санкцийн "Магнитскийн тептаре". "Кхел йоцуш нах хIаллакбарна а, адамийн бакъонаш хьешарна а, къоманна тIехь къизаллаш лелорна" аьлла, билгалдаьккхинера министраллехь.

2016-чу шарахь мехкан куьйгалхочун харжамаш Кадыров тола а тоьлаш, бирзича, Нохчийчоь йиллина шен тергонехь латточу, кест-кеста цигара хьал дуьйцучу Дуьненаюкаърчу кризисан тобан Оьрсийчуьрчу а, Къилбаседа Кавказерчу а проектан директора Сокирянская Екатеринас хиндолчух ши сурт го шена аьллера: "Хьалхарниг, Кадыров даржера дIавоккхур ву, аьлча а, вуно кеста хир вац республикан коьртехь.

ДагадогIу-кх шуна лелла хабарш, Кремло шен и формалехь доцу контракт Нохчийчоьнан урхаллица кхин дIадахдийр дац, хIунда аьлча, Кремле шена оьшучул далуш олалла дац, иза цуьнга ца леладало Нохчийчоьнна тIехь, я и дан луурш дукха а бац, оцу махкахь конституци лелаш а яц, бохуш хабарш лелара. Кадыровна юха а дарже кхача магийтинехь а, дац иза и стаг даима а Iийр ву даржехь бохург. Путинна ца деза даржера стаг тIех гIара а доккхуш вохор, иза нисдийр ду ишта дIа могIара хIума долуш санна. Цхьа сценарий и ю хиндолчун».

Сокирянская Екатеринина гуш хилла шолгIа сценарий Кадыровна а, цуьнан гонна а ма-оьшшу ю яра.

Сокирянская: "ШолгIа сценарий, хетарехь, лелардерг ду. Кадыров Рамзан Нохчийчоьнан коьртехь Кремлехь Путин мел веха Iан тарло. ХIунда аьлча, Путинна мега цо Нохчийчохь лелориг. Нохчийчоь массарна Оьрсийчохь а масале юьллуш дукха ма нисделлий, масала, Медведев Дмитрийс санна. Нохчийчохь мел дийриг нийса а ду, Кадыровс шена хьалха хIиттийна Iалашонаш кхочуш а йо аьлла хета Путинна. Нохчийчохь урхалла иштта латто деза, Кадыровна метте хIоттавойла дац цхьа а, аьлла хета Путинна. Цундела махкахь режим а лаьттар ю, Путинна иза дикачех хетаре терра. Цундела Кадыров а велла дIаваллалц латта тарло Iедалехь".

Стохка шо чекхдолуш Ичкерин махкал арахьарчу Iедалан куьйгалхочунна Закаев Ахьмадна а, "евроичкерихошна" а Соьлжа-ГIалахь наьIалташ кхийкхош а долуш, "Маршо Радионо" таллам бира шен ешархошна юкъахь, "Кадыров а, Закаев а вуьйцу кху деношкахь махкарчу къизаллашца доьзна. Цу шиннах мила хуьлуьйтур вара аш (шайн аьлларг хилча) республикан коьртехь?", - аьлла хаттар а хIоттийна.

ЖамIаш иштта дара. Кадыров вита лууш бара 2.4% респонденташ, Закаевгахьа кхаж теснарш бара 42.2%. Ткъа цаьршиннах цхьа а хуьлуьйтур вацара шаьш аьлла харжам бира 55 % оцу, Iилманца нисбина бина а, жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойтучу а талламехь дакъалаьцначара.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

В I чтении принят проект о праве полиции принимать решение о выдворении иностранцев

Движение автотранспорта временно перекроют в районе Якиманка

Еще двое школьников из Подмосковья получили по 300 баллов на ЕГЭ

Спортивные «Умные каникулы» — новый формат отдыха школьников в Ногинске

Музыкальные новости

Сказка театра Ульгэр в Бурятии «Волшебный платок бабушки Дари» - это захватывающее путешествие в мир волшебства - Театр и Цирк, Культура и Концерт, Россия и Дети:

РБК: в Москве из-за случаев ботулизма приостановили продажу некоторых продуктов

Владимир Путин, Дмитрий Медведев, Анатолий Голод: ПРИЗНАНИЕ НАТО НАДО ПРИМЕНЯТЬ!

В Бурчтии в театре кукол «Ульгэр» 14-16 июня пройдут «Волшебные выходные»! - Театр и Цирк, Культура и Концерт, Россия и Дети

Новости России

Физико-математический лицей откроется в Сергиевом Посаде к новому учебному году

Спортивные «Умные каникулы» — новый формат отдыха школьников в Ногинске

Более 140 каширских школьников приняли участие в фестивале «Летом с ГТО!»

Крупный девелопер построит мультиформатный проект на границе природного заказника «Долина реки Сетунь»

Экология в России и мире

Местные жители заполнили пляж, пытаясь выгнать оттуда туристов на популярном курорте: отдыхающие напомнили им, откуда они получают зарплату

Как Россия уступила Азербайджану значительные территории Дагестана и два села

Триумфальное возвращение Льва Лещенко на сцену спустя месяцы затишья. Артист презентовал дуэт с солистом группы “Парк Горького” Сергеем АРУТЮНОВЫМ

Концертный директор для музыкантов. Концертный директор для певцов. Концертное агентство в Москве. Букинг агентство. Организация концертов и гастролей.

Спорт в России и мире

Самсонова поддержала Андрееску после победы над ней в финале турнира в Хертогенбосхе

Теннисистка Самсонова вышла в финал турнира в Хертогенбосхе

Лучший теннисист Казахстана узнал позицию в обновленном рейтинге ATP

Рублёв и еще два российских теннисиста не сыграют на Олимпиаде в Париже

Moscow.media

Ученые обнаружили перспективное лекарство для лечения гипертонии

Храм Преображения Господня в Коммунарке

ТСД промышленного класса Saotron RT-Т510

В Коми ввели штрафы за «склонение к абортам»







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *