Масхадов Асланан - 70 шо
Дукха а ду нохчашна эсехь диса язделларг. Дицлур доцчех ду президент вер шена сийлалле дуьллуш, "Ас нохчийн зударшна совгIатдина, вийна Масхадов" аьлла, Дуьненаюкъарчу Зударийн Дийнахь Оьрсийчоьнан Нохчийчуьрчу куьйгалхочо кхоьссина дозалла а.
Массех урхалхо лаьттира Нохчийчохь, цо ша-шех йозуш йоцу пачхьалкх кхайкхийначу шерашкахь. Массех вара президент хоржучу шина харжамашкахь дарж къовсуш а.
Масхадов Аслан массо а президенташлахь адамаллица, нахаца ийна хиларца къаьсташ вара олу дукхаъчара. Цуьнан пресс-секретар а, тIаьхьо Москвахь векал Iийна а ву, тахана Парижехь веха историк доктор Вачагаев Майрбек. Цунна хетарехь, догкIеда стаг вара Масхадов бохург данне а дац иза буьйда куьйгалхо вара бохург...
Лазамашлахь бита ца торург бу нохчашна Масхадов Аслан шен цIахь лаьтте верзийна вацар, Кремло гергарнаш кошабарзах бахар. Страсбургерчу Европан адмамийн бакъонийн кхело бинчу сацамо элира, харц ю Оьрсийчоь Масхадовн гергарчаьрга лаьтте ца верзавайтарца а, иза дIавоьллина меттиг ца йовзийтарца а.
Амма Оьрсийчоьно ца эцна и сацам юьхьара. Масхадов Асланан воI Анзор тахана а вац шен ден кошан барз бацар магийна Iаш, цуьнан оцу хьокъехь лаьтта къовсам Оьрсийчоьнан Iедалца тахана а.
Дуккха а къаьхьа, ирча, лазаме хиламаш лелла кху шерийн муьрехь. Дуккха адамаша лар йитина нехан дегнашкахь, ойланашкахь. Шенна къастийначу дешнашца, дагахьбаллам къадорца йоккхуш хеза наха Масхадов Асланан цIе а.
Маршо Радио - тIаьххьара хаамийн хьоста хилира Масхадов Асланца къамелдинарг. Ша веле кхо де хьалха дара цо тхан хеттаршна жоп делча...
Тахана, цуьнан 70 шо кхачарца доьзна Маршо Радионо карладоккху Масхадов Асланан маршонан аз.