Йинчу денца декъалйеш Кадыровс Титан бекъа эцна шен йоIана
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана эцна Оьрсийчохь уггар а дукха титулш йолу, Титан цIе йолу бекъа. Шен инстаграм-аккаунтехь бина цо цунах лаьцна хаам, яздо Lenta.ru гIирсо.
"Муха хета шуна тхан Титан?",- яздина регионан урхалхочо видеона бухахь.
Тренеро куьйгалла а деш, говро кеп-кепара трюкаш кхочушъеш гойту видео тIехь. АйгIар бохкарх информаци тIечIагIйина ишта инстаграмерчу шен агIонехь говраш лелочу Либонтова Аринас а.
«Hermits Titanium", Оьрсийчуьрчу тинкер породех схьаяьлла уггар а титулш дукха йолчу говро хийцина шен да, хIинца Нохчийчохь ехаш ю иза. Тхан хьоме зефир дIаяхна Кадыров Р.А-с дола а деш, цуьнан исбаьхьчу божалахь тайп-тайпанчу элитан говрашца цхьаьна яха", - яздина цо хаамехь.
Либонтовас чIагIдо, Кадыровн йоьIан йинчу денна дина совгIат ду и говр, бохуш.
Тинкер, иза Ирландехь кхиийна ирландхойн коб, йа ромалийн южург ю. Оцу говрийн кIужал а, кхес а юькъа хуьлу, бергаш а евлла хуьлу.
ТIаьххьарчу шина шарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан доларчу говраша къовсамашкахь даьккхина 33 млн 724 эзар сом, яздора "МБХ медиа" ресурсо.
Говраш хехкарца йоьзна йолчу Германерчу Turf-times портало бахарехь, 2019-чу шарахь Кадыровн говраша дакъалаьцна Дубайрчу кхаа къовсамехь, даьккхина ахча ду евро валютехь 236 эзар а, 182 эзар а, 29 эзар а.
Цхьанатоьхначу Iаьрбийн Эмираташкахь доцуш, тIаьххьарчу шина шера чохь Кадыровн говраш хихкина Чехерчу къовсамашкахь а, амма цигахь ца даккхаделла 4,2 эзар крона бен (12 эзар сом гергга).
Хьалхо хаам баьржира, 6 миллион доллар мехах йолу Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан говраш Чехехь йисина Европан Берто цунна дуьхьал санкцеш яхар бахьана долуш, аьлла. Цул сов, шаьш говраш а евлла къовсамашкахь дакъалоцучу хенера. Кхоъ хохку говррий, ши бекъий бен яцара Чехехь Кадыровн и хаам баьржачу муьрехь.
Коррупцина дуьхьал талламаш бечу "Трансперенси Интернешнл – Оьрсийчоь" центро хаийтира 2014 – 2018 шерашкахь Кадыровн говраша къовсамашкахь 110,5 миллион сом а Чехехь а, 1 миллион сов сом Германехь а даьккхина хилар. Амма санкцеш бахьанехь и ахча дIа ца кхечира Кадыровга.