Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Хайп оьккхуьйтуш къийсам. Американ президенташна дуьхьал ву Кадыров (чакхе)

Хайп оьккхуьйтуш къийсам. Американ президенташна дуьхьал ву Кадыров (чакхе)

Нохчийчохь гейш бац - юха а шогачу кепехь дIахьедина Кадыров Рамзана. "НIаьнеш яц, йа и дош а дац лелош. Церан метта котамийн майрой бу", - яздинера мехкан урхалхочо шен телеграм-каналехь. Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан Джо Байденан дIахьедарна делла жоп дара и. Гезгамашин-беттан 21-чохь Цхьанакхеттачу Къаьмнийн (ООН) Инарла ассамблейхь вистхуьлчу заманчохь америкахойн лидеро Нохчийчоь хьахийнера, ЛГБТ-машанан векалийн бакъонаш Iалашъян езаш хиларх дуьйцуш. Африкерчу Камерунца цхьана могIаре йиллинера Байдена республика. Муха тIеоьцу Кадыров Америкехь, хезий-те хIордал дехьа цуьнан кIоршаме дIахьедарш - Кавказ.Реалиино дагайохкуьйту Нохчийчоьнан куьйгалхочун Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенташца йолчу юкъаметтигийн истореш.

Кадыров а, Трамп а

Трамп Дональд президент лаьттинчу 2017-2021-чу шерашкахь дуьненаюкъара скандал иккхира, Оьрсийчоь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн харжамийн кампанина юкъагIоьртина аьлла. Оцу юкъанна Кремло а, Кадыровс а юьхьанца собаре гайтира шаьш керла дIахIоьттинчу урхалхочунна гергахь. Оцу йоццачу тийналлехь Нохчийчоьнан губернатор вийца ваьккхира Трампца цхьаьна ехкинчу мемашца. Цу шиннан яххьаш цхьана суьрте ерзийнера, "Трамподыров" аьлла, цIе а туьллуш.

Кхин а цхьа хан яьлча, 2017-чу шеран гурахь америкахойн лидерца Въетнамерчу экономикан форумехь хиллачу цхьанакхетарехь Путин Владимиран куьйг далар дийца даьккхича, цуьнгахьа гIо даха дийзира Кадыров Рамзанан. Оцу хенахь Трамп Дональд цхьа шатайпа куьйг луш Iедал хиларца гоьваьллера. Партнеран куьйг схьа а лоций, шена тIе озадой, сацадора цо буйнахь.

"Американ президент Трамп Дональд ша тIевахара Путин Владимирна. Буьйда доцчу куьйг даларехь, шен ницкъ гайта аьтто ца белира Трампан, ткъа вайн президенто дIагайтира барзо санна шен лацар",- хьесталора Кадыров шен телеграм-каналехь.

Кхин а цхьа бутт баьлча - 2017-чу шеран ГIуран-баттахь - Нохчийчоьнан урхалхо массарна а хезаш вистхилира Трампан политикех, ша Палестинера бусулбанаш Iалашбийриг ву аьлла, билгалдоккхуш. Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенто, ша Иерусалимах Израилан коьрта шахьар ян лаарх сацам дIакхайкхийча, иза цатайначу Кадыровс цуьнан лаам "лартIахь" бац,  "боккха тIом" хир бу Израилехь аьллера.

2018-чу шеран бIаьста Трамп "кхетам боцуш" ву бохучу бехкаш тIера а ваьлла, цунна кхерамаш тийса вуьйлира, иза "лаца а лаьцна, чувуллур ву", нагахь санна, иза Нохчийчу вагIахь бохуш, чIагIонаш еш.

Стенна оьшура Трамп Дональдна Нохчийчу вар, Кадыровс ца дийцира, амма цуьнан дIахьедар дIасадаржийра пачхьалкхан хаамийн гIирсашкахь, патриотизман масал иза долуш санна.

 

"Нагахь санна, уьш республике багIахь, оха уьш дIа а лаьцна, чубухкур бу. Цара тхан банкашка дехкина ахчанаш а дIадохур ду", - аьлла, дIахьедира Нохчийчоьнан куьйгалхочо "Россия 24" каналан эфирехь.

Оьрсийчоьно Шемахь лелийначунна тIехула Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа тоьхначу санкцешна лерина яра троллинг. Нохчийчоьнан урхалхо дозанийн тептаре ца ваьккхира, амма ша цу юкъа вахийтар тIедожийра цо: "Со къам Iалашдийриг ву, цундела со а цхьаьна хила веза оцу тептарехь. Со Шемахь а, Иракъехь а хила кийча ву, бен-башха а дац. Со оцу санкцешна юкъахь ца хилахь, политикан агIоне даьккхича, иза нийсо яц".

Трамп президент волчу юкъанна Америкера шена оцу кепара дIахьедарш дарх кIад хир доций хууш, мелхо а, Оьрсийчохь оцу некъашца политикан бонусаш йохийла дуй хуучу Кадыровс, саццанза воккхачу политикан гIуллакхдархочун рол ловзайора. Бакъду, цуьнан аларийн, хьалха а санна, Оьрсийчоьно бен терго ца йора.

"Вашингтон ерриг а цхьа экама, догцIена ю, ткъа оха набарх а ойланаш йо, Американ арахьарчу политикана зен муха дийр дара-те бохуш,- яздира Кадыровс, 2019-чу шарахь америкахойн санкцеш дIаяхъйинчул тIаьхьа. - Оьрсийчоьнна дуьхьал интернационал кхолла хьийза Вашингтон, пачхьалкхаш, режимаш шегахьа ерзош, ткъа йиссинчарна кхерамаш туьйсуш, шантаж еш, Оьрсийчоьне болчу цабезаман фарватерехь хилийта гIерташ".

2020-чу шарахь кхин а масех дIахьедар арахийцира Кадыровс Трампан хьокъехь а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкарчу хиламех лаьцна а.

Израилна а, Палестинана а юкъахь маслаIат деш, Вашингтоно кховдийна план емалйира цо цкъа, ткъа вукху дIахьедарехь - Американ пачхьалкхан секретарь Помпео Майк ву элира афроамерикахо Флойд Джордж вейтинарг (Трампан харжамийн кампанина новкъарло ян лууш вара Помпео аьлла). Иза а Вашингтоно тергал ца деш дитира.

Трампан хан  гергакхочуш Соьлжа-ГIалахь "забарш" лело буьйлабелира. Нохчийн телеканало видеоролик арахийцира, Кадыровх тера лела актер пулеметашца Американ президентан кабинет чу эккхаш, Нохчийчоьнан урхалхочунна дуьхьал санкцеш яхарх дийцарш ду дIахьош бохуш, сурт  а хIоттош. Вашингтоно тидам ца бира оцу роликан а. Амма интересе ду, оцу кепара ролик америкахойн телехьожийлехь гайтинехь, муха хир яра-те Нохчийчоьнан реакци?

Кадыров а, Байден а

Карарчу беттан 21-чохь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентана тIевирзира Нохчийчоьнан урхалхо. Оцу дийнахь ООН-хь вистхиллера Джо Байден, ша хаьржинчул тIаьхьа дуьххьара.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин (ООН) трибунитIера кхайкхам бира Американ президента, доллу дуьненахь а ЛГБТ-н векалийн бакъонаш ларъяйта цхьа юкъара барамаш лело беза аьлла, Нохчийчоь а Камерун а билгалйоккхуш.

 

Цхьа сахьт даьллачу заманчохь Кадыровс комментарий йитира шен телеграм-каналехь цо аьллачух лаьцна: "Байдена цхьа абсурде дIахьедар цо дина, цунна жоп луш, иза Нохчийчу кхайкхар доцург, кхин ала хIума дац сан. ТIаккха хуур ду цунна, Нохчийчохь нIаьнен йоцийла а, йа и дош а цигахь лелаш цахиларх. Церан метта котамийн майранаш бу тхо долчахь".

Делахь а, хIордал а дехьахь болчарна иза хезна а хир вац аьлла, хета америкахойн бакъонашларъярхочунна, ЛГБТ-н жигархочунна Полтавцев Ларрина. Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь цо элира, Кадыровх лаьцна америкахойн медиашкахь цхьана а кепара хаам гина бац шена аьлла.

"Ца теша со, Вашингтонехь цуьнан вистхиларх цхьанна хууш хир ду аьлла, цуьнан профилехь йолчу урхаллашна бен, масала, Пачхьалкхан департаментна. Цигахь-м хууш ма дуй, Нохчийчоьнан куьйгалхо хиларх. Со тешна ву, юкъарчу практикан гурашкахь, говзанчаша цуьнан дIахьедарш толлуш хир ду - оцу кепара информаци доллу дуьненехула гулъеш ю. Амма, масала, Капитолийн борза тIехь низамаш дохучара тамаш бу Кадыров Рамзанан посташ ешахь, нагахь санна, цхьа къаьстина меттиг бацахь", - боху Полтавцевс.

Оцу юкъанна, ЛГБТ-нехан бакъонаш Iалашъян езарх, ишта, Нохчийчохь а цхьаьна, Байдена динчу дIахьедарх дуьйцучу бакъонашларъярхочо йовзуьйту, и дан таро хиларх шен шеконаш.

"Бакъдерг дийцича, со ца кхета, Американ администрацино а, президенто Байдена а муха гIо дийр ду Нохчийчуьрчу ЛГБТ-векалшна, царна тховкIело ялар, уьш тIелаца кийча болчу Гергарчу Малхбален мехкашка дехьабохуш гIодар доцург. Ишта программаш йолуш ю. Хетарехь, кхин тIе а санкцеш тоха там бу Цхьаьнатоьхначу Штаташа, делахь а, цара пайда ца бохьу", - аьлла, хета бакъонашларъярхочунна.

Тенесси штатерчу политологин а, къаьмнийн юкъаметтигийн а Университетан профессоро Коробков Андрейс Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь тIечIагIдо, Кадыров Малхбузехь цхьа цабезаме стаг хета дуккха а хан хилар. Ду и доьзна, ЛГБТ-н векалех лаьцна цо ден дIахьедаршца а, шайн лааме ваьллачуьнца цо лелочу репрессешца а.

"ТIаьххьара керла хаам бара, губернаторийн харжамашкахь цо баьккхинчу рекорде толамах лаьцна, Советан заманахь санна хIума ду", - дуьйцу Коробковс.

Цо бахарехь, Кадыров Рамзанан цIарца доьзна уггар а скандале хиллачух дара Америкехь, Соьлжа-ГIала леста марзбелла, уьш бахкарна яккхий гонорараш оьцу малхбузен шоу-бизнесера нах.

"ТIаьххьарчу заманчохь юкъаралло бина тIеIаткъам бахьанехь цига оьху нах лахбелла, цхьа могIа артисташа шайга кхаьчна ахча дайира гIоьналлин гIуллакхашна. Делахь а, бу царлахь политикехь аьтту хьажам болу нах, шаьш Нохчийчу лестий а хоуьйтуш, лелаш болу хIинца а", - боху политолого,

Коробковс билгалдоккху, Американ лидерех Кадыровс дечу скандале дIахьедарийн  ши Iалашо хилар. Цкъа делахь, хаамийн гIирсашкахь вуьйцу иза, оцо медийн фигура йо цунах, дуьненан лидершца цхьана могIарехь хьаха а веш.

Американ президентана жоп лучу Кадыровс тIаьххьара динчу дIахьедаран мах хадийра Кремло "хаза а, дуьззина а" жоп дара аьлла. Цул совнах, президентан пресс-секретаран Песков Дмитрийн лаам хилира троллингах дIакхета, Джо Байден гIоьнчаш "политикан географи" цайовзарна бехке а беш.

Нохчийчуьрчу ЛГБТ-н векалийн бакъонех лаьттачу хьолах лаьцна Кремло йина комментарий яц.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Пушинка из Космоса спасёт либо снесёт США? Научные важные данные. Проект «Святой Ленин».

Клуб друзей Марьино начал работу на юго-востоке Москвы

Названы правила безопасности в грозу

Восемь нижегородских семей вышли в финал Всероссийского конкурса «Это у нас семейное»

Музыкальные новости

Собянин рассказал, как москвичи исполняют заветные мечты детей-сирот

В Тульской области продолжается культурный проект «Классика: история и современность»

По благословению схиархимандрита Илия в Орловской области построена православная гимназия

Как Россия разгромила Польшу и вернула Смоленск

Новости России

Восемь нижегородских семей вышли в финал Всероссийского конкурса «Это у нас семейное»

Более 200 тыс столичных школьников посетили Музей Победы в этом учебном году

Найденные на местах боев в Тверской области вещи представлены на выставке в Музее Победы

Сделать все, чтобы не допустить: почему у детей случаются инсульты

Экология в России и мире

В Москве в ТРЦ Columbus открылся магазин O`Stin в формате 4.0

Улыбка сделала слушателя «Юмор FM» миллионером

Eurasianet: Азербайджан публично и цинично уничтожает армянское культурное и историческое наследие в Нагорном Карабахе

Россияне решили этим летом меньше отдыхать на курортах

Спорт в России и мире

Ролан Гаррос. Расписание 2 июня. Потапова и Швентек сыграют первым запуском, Синнер – последним

Потапова о поражении от Свентек на "Ролан Гаррос": организм дал сбой

Бывшая российская теннисистка спела гимн Франции

Теннисистка из Пятигорска вышла в четвёртый круг турнира Большого шлема

Moscow.media

Красноголовый солист.

РОССИЮ ОЖИДАЕТ ПЛЮС 50 ГРАДУСОВ: КАКИМ ГОРОДАМ ЖДАТЬ АНОМАЛЬНУЮ ЖАРУ

Торжественное возложение цветов к памятному знаку «Юным героям — партизанам и подпольщикам» в Феодосии

Количество «брака» в биомедицинских работах увеличилось в четыре раза за 20 лет







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *