Нохчийчоьнан синбахамаллин министр хIоттийна Кадыровн йоккхаха йолу йоI
"Нохчийчоьнан Парламентан депутатийн цIарах а, сайн цIарах а даггара декъалйо сайн хьоме ВЕШИН ЙОI Кадырова Iайшат Рамзановна Нохчийчоьнан синбахамаллин министр хIотторца!", - яздина Даудовс.
Нохчийн хьаькамана хетарехь, "похьме, креативе куьйгалхо, балхана тIера йолуш, башха вовшахтохархо ю" Кадырова Iайшат.
Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан 20 шо долу йоI - Кадырова Хадижат - хIоттийра кху шеран ГIуран-баттахь Соьлж-ГIалин школазхойн дешаран департаментан хьаькаман дарже.
Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департаментан санкцийн тептаре ваьккхира Товбеца-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, цуьнан хIусамнана Медни а, ши йоI Iайшат а, Хадижат а.
Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа дуьххьара тухуш яцара санкцеш Кадыровна – 2017-гIа шо доьрзуш Штатийн финансийн министралло ваьккхира иза а, цуьнан гонера массех стаг а санкцийн "Магнитскийн тептаре". "Кхел йоцуш нах хIаллакбарна а, адамийн бакъонаш хьешарна а, къоманна тIехь къизаллаш лелорна" аьлла, билгалдаьккхинера министраллехь.