Нобелан машаран совгIатан лауреаташ хилла Муратов Дмитрий а, Ресса Мария а
Кху шарахь оцу совгIате сатесна яра 95 юкъаралла а, 234 стаг а, вара царлахь Оьрсийчоьнан оппозиционер Навальный Алексей а, Беларусин оппозицин векал Тихановская Светлана а, Швецера экожигархо Тунберг Грета а.
Кандидатийн доллу тептар къайлехь латтош ду, и зорбане даккха тарло 50 шо даьлча. Премин барам бу 10 миллин шведийн кронаш (цхьа миллион сов долларшкахь).
Стохка Нобелан премин лауреат елира ООН-н Дуьненаюкъара йохкаран программа.
1901-чу шарахь юкъадаьккхина Нобелан совгIат далар. ХIетахь дуьйна преми кхаьчна 107 стагана а (17 зуда ю царлахь) а, 25 юкъараллана а.