Бомбанаш ен кепаш гойту итт сайт дIакъевлина ГIалгIайчохь кхело
Юьйцурш муьлха ресурсаш ю, мел йиллина лаьттина уьш, хууш дац. Прокуратурин векало билгалдаьккхина, оцу сайте маьрша вала аьтто хилла, регистраци ян а ца оьшуш аьлла. Сайташ тIехь хилла информаци Оьрсийчохь яржор доьхкуш, сацам бина кхело. Оцу сайташка вуьгучу некъашна а доза тоьхна.
Хьалхо хааме даьккхира, Нохчийчохь кхело дозанаш тохарх, механа еза лору акхарой юхкуш хаам бечу сайтана: пантераш, лоьмаш, цIоькъалоьмаш, пумаш, ягуараш, гепардаш, иштта, Оьрсийчоьнан ЦIечу книги тIе яздина леопард а.