Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Швецехь тховкIело елла оппозицин блогерна Абдурахманов Тумсона

Оппозицин блогерна Абдурахманов Тумсона мухIажаран статус елла Швецехь. Шен телеграм-каналехь бина цунах лаьцна хаам цо ша.


"Европан шина пачхьалкхо суна дуьхьало йинашшехь, Швецин Iедалхоша сацамбина суна тховкIело яла, сайн цаьрга болу ларам дIахаийта лаьа суна", - аьлла Абдурахмановс.


Блогеро бахарехь, ялх шо а дара иза Iедалхойн сацаме ладоьгIуш Iен. Швеци кхачале хьалха политикан мухIажаран статус яла дуьхьал хилира цунна Польшехь а, Германехь а, оцу шина а пачхьалкхерчу къайлахчу сервисийн бехк лору цо цунна.


Гоьваьлла нохчийн оппозицин блогер ву Абдурахманов Тумсо.

Ша дIаязъечу видеошкахь цо дуьйцу Нохчийчохь адамийн бакъонаш талхорах а, меттигерчу Iедало лелочу кхечу харцонех а. Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна йина критика бахьана долуш тIелатар дира Абдурахмановна. Кхелан коьрта процесс йоьдучу юкъанна цунах лаьцна дIахьедира шведахойн прокурора Линдквист Пера, "ерриг а ларш Соьлжа-ГIала кхочуш ю" аьлла, билгалдоккхуш.





Байначу беттан 27-чохь Абдурахманов Тумсон Йоккхачу АтагIахь бехачу гергарнаш болчу 30 гергга герзашца стаг веънера кIиранан дийнахь. Ша Абдурахмановс дийцарехь, цара, кхерамаш а туьйсуш, Iаткъам бе баьхна блогеран леларна. И акци хилла Абдурахмановн телеграм-каналан озан чатехь Нохчийчоьнан парламентан спикер Даудов Мохьмад ву ша аьлла, вевзаш воцу стаг гучуваьллачул тIаьхьа. Оцу стага Абдурахмановна кхерамаш а тийсина, дIахьединера, ша цуьнан гергарчу нахе дуьйцуьтур ду шайна цуьнах лаьцна хетарг а, цунах лаьцна компромат зорбане а йоккхур ю ша аьлла.
Абдурахманов Тумсона тIелетира стохка Чиллан-баттахь. Иза шен цIахь вара, цуьнан хIусам чу а кхаьчна, тIелеттачо коьртах жIов тоьхча. Блогеран аьтто баьллера зуламхо сацо а, цуьнгара жIов дIаяккха а, полици кхайкха а.
Оппозицин блогеран Абдурахманов Тумсон вешина Абдурахманов Мохьаммадна вен Iалашонца дан лерина хилла тIелатар юкъахдаьккхира Германехь кху шеран Зазадокху-баттахь. Жимчу стага дийцарехь, Кадыров Рамзанан шича ву бохучу Эдельгериев Паруддина тIедиллина хиллера иза вер.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *