Оьрсийчуьра дIавоьдучу иттаннах ялхаммо кхерамзалла лоьху
Талламан авторша хадийначу мехаца, 2000-чу шарера 2020-чу шаре кхаччалц Оьрсийчуьра эмиграци йина веа миллионна тIера пхеа миллионе гергга бахархой.
Нах пачхьалкхера дIаэхар совдаьлла 2012-чу шарахь Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир кхозлагIа куьйгаллехь висича.
Кхечу пачхьалкхе дIабахна эмигранташ дукха хиларца дуьненчохь кхозлагIа пачхьалкх ю Оьрсийчоь, ХIиндойчоь а, Мексика а дIаяьккхича. Кхечу мехкашка дIабахана бехаш бу Оьрсийчуьра мел лахара а 10,5 миллион бахархой бу.
2019-чу шарахь изза талламбира "Проект" интернет-ресурсан редакцино. Къаьсттина лакхаделира дIаоьхучийн терахь 2014-чу шеран юьххьехь - ГIирмина аннекси а еш, Украинера кризис марсаяьллачу хенахь а, 2018-чу шеран Зазадокху-баттахь Путин доьазлагIа Оьрсийчоьнан президент хIоьттича а.