ГIалгIайчохь газ иккхина, лазийна нах бу
"Буса 3 сахьт даьллачу хенахь хаам бира тхоьга ГIалгIайчуьрчу Кантышево эвларчу Олиговн урамехь долчу цIа чохь газ иккхина аьлла. Ах тхов боьхна, неIарш а, кораш а дохийна", - яздо ТАСС агенталло Оьрсийчоьнан орцанхойн министраллан пресс-гIуллакххошна тIетевжина. Кеп-кепарчу чевнашца Несарарчу республикан дарбан цIийне кхачийна виъ стаг, царех кхоъ бер ду.
Чиллан-баттахь "Магнит" супермаркет иккхинера БуьритIехь, йоьхна, хаьрцинера ерриг а гIишло. РИА "Новости" агенталло яздарехь, бохаман бахьана хила тарлора газ эккхар. Белхан хенахь эккхар цанисдаларна, цхьа стаг бен ца лазош бирзира бохам.