Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Оьрсийн паспортца волу шпион лаьцна аьлла, дийцина туркойн газето

Истамбулерчу  терроризмаца къийсам латточу полицин урхалло а, туркойн Къоман иччархойн организацино а дIахьедина, шаьш ялх кхечу мехкашкара стаг лаьцна, шпионаж лелош хилла аьлла, тасаеллачу шеконашца. Habertürk газето бина цунах лаьцна хаам дахначу шоьтан дийнахь. Цаьргара схьадаьккхина герз а, патармаш а, цхьахволчуьнгахь хилла Оьрсийчоьнан паспорт а.


Газетан хаамашца, и нах лоьцуш операци дIаяьхьна шина адресца Анталехь а, кхаанца Истамбулехь. Шеконашца лецначу нахера яьккхина кхо тапча, цхьаъ хилла тата а ца доккхуш стаг вуьйш, лазерца Iалашо схьакаро таро а йолуш. Герзашца цхьанхьа тIелата дагахь хиллачух тера хета уьш.


Habertürk гIирсо даржийначу суьрта тIехь гуш ду, лаьцначу цхьаьнгара оьрсийн паспорт схьадоккхуш. Туркойн Iедалхоша цкъачунна хаам бина бац, муьлхачу къомах бу лецнарш.


2016-чу шарахь стаг вийна аьллачу шеконашца лецира Туркойчохь Оьрсийчуьра Анисимов Юрий а, Смирнов Александр а. Меттигерчу кхело бехкебира уьш, шайн пачхьалкхан дозана тIехь ворхI нохчо верна.




Туркойн полицина хетара, бехкебийраш Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн белхахой бу аьлла. 2018-чу шарахь Оьрсийчоьне дIабелира уьш туркойн агIоно. Дуьйцура, Оьрсийчохь экстремистийн леринчу Меджлисан куьйгалхой хиллачу Чийгоз Ахьмадца а, Умеров Iилмица а хийцина уьш бохуш. Аннекси йинчу ГIирмехь кхел йинера царна.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *