Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Кадыровс Туркойчуьра видео яржийна, цигахь нохчий лецна аьлла хаам баьржинчул тIаьхьа

Туркойчохь кхечу пачхьалкхарчу нахана тIелатар дан кечлуш хилла аьлла шеко йолуш Нохчийчуьра схьаваьлла Оьрсийчуьра 6 стаг лаьцна аьлла хаамаш баьржинчул тIаьхьа, Нохчийн республикан куьйгалхочо Кадров Рамзана видео зорбане яьккхина туркойн махкара. Цунах лаьцна хаам бо Кавказ.Реалиино.


Цу тIехь цо дуьйцу, ша масех меттигерчу гIалахь хилла хиларх а, цигахь Нохчийчуьра "шайтIанаш" шена гина цахиларх а лаьцна, уьш "бовдарна".




"Дуьйцуш дара Туркойчохь шайтIанаш ду. Суна ца го. Кхузахь куц долу адамаш ду, шайтIанаш дац", - боху Кадыровс видео тIехь. Цунна уллехь гуш ву Нохчийчуьра зорбан министр Дудаев Ахмед а.


"Дийнахь а, буса а ирх а, пурх а дуьйладелла чекхдевлира тхо масех туркойн гIаланах, ца кхийтира дуьхьал цхьа а "буьрса" маьхьарца ша реза воцуш хилар гойтуш хилла цхьа а стаг, кхерамаш тийсина а, беламе дIахьедарш дина а волу, кхузахь шаьш цхьаъ гойтур ду бохуш", - йоза дитна Дудаевс видеона кIеллахь.



Хьалхо Оьрсийчоьнан президентан зорбан секретара Песков Дмитрийс дIахьедира нохчий дIалецарх лаьцна Кремлехь хууш дац аьлла.
 Туркойчуьрчу нохчийн диаспоран векалша дIахьедина, лаьцначу ялханнах цхьаъ лаьцна хилар цхьамма тIедожорца адамаш дайарна юкъахьакхавелла хила мегаш хиларна. Цунах лаьцна хаам бина нохчийн оппозицин блогера Халитов Хьасана.
Халитовс чIагIдарехь, Туркойчохь лаьцна Беслан цIе йолу стаг Нохчийчуьрчу Iедалшца уьйр йолуш ву. Цо дийцарехь, шех лаьцна хаамаш бинчунна ахча лур ду ша, бохуш хилла цо. И хаам тIечIагIбо Истанбулерчу нохчийн диаспорица уьйраш йолчу Кавказ.Реалиин хьосто.
ГIадужу-бутт чекхболуш нохчийн болгера Халитов Хьасана бехке вир Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, ницкъаллин структурийн белхахо хиллачу Арсанукаев Ахьмадан гергарчаьрга шен доьзална чIир кхайкхор вовшахтохарна.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *