Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

"Террорхой богIу". Оьший Къилбаседа Кавказан республикашна блокпосташ?

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана доьху юха а Къилбаседа Кавказан мехкийн дозанашкахь лаьтта блокпосташ дIаяхар. Цара нахера ахчанаш доху, зуламхой лоьцуш ца лаьтта, аьлла цо. Цуьнан лаамна тIетевжина регионехь адамийн бакъонаш тергонехь кхобу Нухажиев Нурди, "латто маьIна долуш яц вайн заманахь посташ", дIахьедина цо а.

Кеп-кепарчу тIегIанашкахь гIаттош ду Къилбаседа Кавказехь блокпосташ латторах долу къамел. Уьш ялхош Кадыров цхьаьнакхийтира шен заманахь Оьрсийчоьнан Iедалан куьйгаллехь лаьттинчу Медведев Дмитрийца а тIехь. Ша Медведевс а аьллера хьалхо, президентан даржехь ша волуш, 2010 шарахь, лахдан деза Къилбаседа Кавказерчу блокпостийн терахь.

2012 шарахь некъаш лецна лаьтта тергонан ханаш лахдан гIоьртира чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин Къилбаседа Кавказерчу коьрта урхаллин буьйранча Ченчик Сергей, амма цул лакхара хьаькамаш реза ца хилира: Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министра Колокольцев Владимира, "хьелаша ца магадо" блокпосташ дIаяха, элира.

Некъаш тIера посташ дIаяхар кхечу гIуллакхашца цхьаьна къаьсто деза аьлла хета Кавказ.Реалиица къамел динчу ГIалгIайчуьрчу омбудсменна Оздоев Жамболатна.

"Бахархошна дIасалела атта хир ду: царех ца хьуьйсу, уьш ца сецабо. Минус ду криминалитетна шена боьха некъ дIакхехьа аьтто болуш хилар, блокпосташ низам лардойту дуьхьалонаш хилла а ма лаьттий. Цундела зен деза, мел дукха ду блокпосташца диканиг, мел ду вониг", – аьлла хета бакъонашларъярхочунна.

 

Кадыровс ша кхушеран юьххьехь кхоччуш хIаллакбина баьхна бандитийн бенаш а бац ша хьехораш, лаца кхайкхийна, "къайлабевлла лела зуламе нах" а бу, боху Оздоевс.

Блокпосташ лаххьийна дIаяха еза аьлла хета "Къилбаседа Кавказан исламан талламийн центран" куьйгалхочунна Гереев Русланна.

"Динан-политикан экстремизмца йоьзна тIаьххьара инцидент иккхира 6 шо хьалха. Цул тIаьхьа и тайпа зуламаш дар хьовха, чохь-керташкахь наха ден зен-зуламаш а лахделла Къилбаседа Кавказехь кхечу регионашца дуьстича. ХIун бух бу некъаш тIехь нах зен? И посташ хIитточу заманахь лелла зуламаш дац хIинца деш хаалуш. Террорхой парггIат, массарна а юкъара болчу некъаш тIехула ма ца лела. Уьш тIемаш бан Iамийна бу, церан некъаш кхин бу, кхин логистика ю", – боху Гереевс.

Цуьнан дешнашца аьлча, хьашт дац могIара бахархой хьийзо, оцу блокпосташа царна йоккха гIело йо.

"Вай Оьрсийчоьнан Федерацин дахархой ду, пачхьалкхан кхечу регионашкарчу нахе боллу ларам хила беза вайга а. Оцу маьIнехь со вуьззина Кадыровца ву, арахьара чубалийна кегий нах боцуш, вайн кIентий а бу оцу блокпосташкахь хадеш, царна а лаьа цIахь хила, лартIахь баха, ах-ах шарахь блокпосташкахь а ца лаьтташ", - аьлла хета Гереевна.

Эксперта бахарехь, кхузаман технологеша аьтто бо геннара зен машенаш а, нах а, хьашт дац оццул дукха нах ницкъхой блокпосташкахь кхаба, ткъа шаьш блокпосташ – уьш дIаяьллачу тIеман хенан битамаш бен а бац. Цара йохайо Кавказехь цахеддаш йовха лаьтинчу юкъаметтигийн кеп, тешна ву иза.

"Вай бIешерашкахь даьхна и блокпосташ йоцуш. Вайна юкъахь дахчаделла деха гергарлонаш. Цундела дозанаш деттар ца догIу цхьана а гIиллакхца. Уьш дIадаха бохург цхьа Нохчийчоьнан куьйгалхо хилла ца Iа. Депутатийн тобанаш а, къанойн кхеташонаш а ю оццу тIехь. Дика ду-кх Кадыровн кхайкхамаш дIа а хезна, и посташ дIаяьхча", – боху Гереевс.

Бакъонашларъяран "Мемориал" центран ГIалгIайчуьрчу офисан куьйгалхочунна Акиевна Тимурна ца го блокпосташа шайна тIедиллина декхар кхочушдеш.

"Тамаше делахь а, ас къобалдо Кадыров Рамзана бохург. Блокпосташ коррупци кхиош, естош йолу меттигаш ю. Некъашца лелачу нахера, машенашна тIера ахчанах дахархьама латтош ю уьш доккхачу декъанна. Терроройх Iалаш ца до цара халкъ. Къилбаседа Кавказехь, ерриг  Оьрсийчохь леллачу хиламаша гойту блокпостех пайда ца болийла, цара зуламхошна деш зен доцийла, террорхошна, масала", – чIагIдо Акиевс.

"ХIирийчуьра дIасабаьржаш бац терорхой"

Къилбаседа Кавказерчу республикашлахь блокпосташ оьшу аьлла хетарг доккхачу декъанна Къилбаседа ХIирийчоь ю. Цигарчу чоьхьарчу гIуллакхийн министранна Скоков Михаила гIалгIайн а, хIирийн а лаьттанийн дозанехь лаьттачу "Чермен" постах лаьцна элира цкъа: иза "лаьттар ю оьшуш мел ю, тхан лаам цхьаъ бу – цо шен Iалашонаш кхочуш еш хила а еза, иза чIагIъян а еза".

 

Къилбаседа ХIирийчоьнан къаьмнийн юкъаметтигийн министраллин коьртехь лаьттинчу Цуциев Асланна а аьлла "Чермен" пост дIаяккха йиш яц: "И пост ша кхерамзалла чIагIъян оьшуш мел ю лаьттар ю. Цул сов, Шемара операцино толам алсам мел бохьу а цIехьа гIертар бу Къилбаседа Кавказера цига тIемаш бан баханарш, уьш ши эзар гергга бу. Цундела пост дIаяккхар хьехочохь а дац, мелхо а чIагIъян еза, цигахула чекхбуьйлучарна атта хуьлу хьелаш кхолла деза".

Хийцаелла яц хIирийн риторика тахана а. Масех шо хьалха а санна, юкъараллина ца лаьа блокпосташ дIаяхийта.

"Сан блокпосташка болу хьажам шераша ца хийцина. Коьрта аргумент ю статистикан терахьаш – ткъа царна дуьхьало йойла дац. Хьовсал, стенгара гIиртина Къилбаседа ХIирийчу кхача тайп-тайпана террорхой, уьш дукха муьлхачу меттигашкахь сецийна дагадаийтал, ГIалгIайчуьра богIу террорхой совцош, блокпостехь Оьрсийчоьнан турпал Джибилов Заур вер", - боху "Основа" сайтан политикан редактора Тотров Руслана.

Массо а хIума шен царца дийца деза, Къилбаседа ХIирийчоьнний, ГIалгIайчоьнний юкъахь лаьтта хIора блокпост ца хилча ца йолуш лаьтта, ХIирийчоьнан агIор "дукха лела бандиташ а, террорхой а", дуьйцу цо.

"Иза къовсаме даккха йиш йоцу бакъдерг ду. ХIирийчуьра дасабаьржаш бац террорхой. Уьш ХIирийчу боьлхуш нисло. Дукха хьолехь оцу блокпостехула чекхбовла гIоьрта, совцабо оцу блокпостехь. Хьовса статистике: мел герз, наркотикаш яьхна, уггаре коьртаниг, мел дукха лелха арабевлла террорхой сецийна полицин белхахоша", – чIагIдо Тотровс.

 

Цунна хетарехь, Кадыров Рамзана террорхой байъина, дIабаьхна бахар бух боцуш ду – Къилбаседа ХIирийчохь хиллачу терроран тохарийн статистике хьаьжча кхочушбойла дац Кадыровн лаам, ткъа блокпосташа Къилбаседа ХIирийчоьнан бахархошна кхерамзаллин латтайо.

"Кхеташ ду, маьршачу заманахь блокпосташ цхьанна а оьшур яц, шайн тIеман суьртаца цхьаьна, амма Къилбаседа Кавказехь зама машаре ю бохург бакъ дац, уьш оьшу Кадыров Рамзана бац боху бандитийн бенаш дIабаххалц", - аьлла хета Тотровна.

Къамел дерзош юха а ГIалгIайчоьнца шайн мехкан йолу юкъаметтигаш а хьахийра Тотров Руслана.

"ГIалгIайчуьрчу неха кортош чуьра а, конституцера а Къилбаседа ХIирийчоьнан Пригородни кIоште йолу претензи йижжалц, иза кеп-кепарчу фанатикаша, экстремисташа, террорхош-шахIидаша йитталц, идеологин проблемаш дIаяххалц Черменера пост а, массо кхийолу посташ а оьшуш ю", – элира Тотровс.

ХIирийчохь блокпосташ дIаяха цалаар йижанза юьсучу территорин конфликтца йозийла хаьа Акиев Тимурна а.

"ХIирийн-гIалгIайн конфликт иккхича, иза ерзо доггах гIиртина вац цхьа а, ца гIиртина шина республикан юкъаметтигаш тоян. И проблема, йоцуш санна, тIехьатеттина. Цундела хIирашна шайца "машаре боцчу" гIалгIашна юкъахь блокпосташ латтийта лаьа. Гарехь, ХIирийчоьнна а, ГIебарта-Балкхаройчоьнна а оцу блокпосташа шаьш террорхойх Iалашдо аьлла хета", – дуьйцу Акиевс.

Амма Гереев Руслана, ша аьттехьа а реза вац Къилбаседа ХIирийчоьнна тIехь цхьа кхерам лаьтта бохучух, элира.

"Хьанах ларбала безаш бу хIирий? Республикийн дозанаш долуш ма ду ишта а. Оьрсийчоьнан блокпосташ стенна оьшу кхузахь? Нохчийн Республикан куьйгалхочо бохург уггаре хьалха бахархойн аьттонех сагатдеш бохуш ма ду. Хьалха гуттар а дукха яра посташ. Терахь лахлуш ду церан. Амма дIаяха еза йийсинарш а. Пачхьалкханна кхерам арахьара бен хуьлийла дац, шена чохь посташ латто ца еза цо", - элира Гереевс.

***

ТIекхочучу хьасташкахула ца карийра Кавказ.Реалиина Къилбаседа Кавказерчу блокпостийн терахь, ткъа лаьтташ ю блокпосташ тахана а нехан некъаш лоьцуш, масала,  "Кавказ" ГIалгIайчохь, пост №14 "Октябрьский" а, пост №105 "Чермен" Къилбаседа ХIирийчохь,"Герзель" а, "Рубин" а Дагестанехь.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Макар Русакевич выступил на всероссийском фестивале «Движения Первых»

Поезд «подбросит» пассажиров до главной туристической остановки на Полярном Урале в ЯНАО

Терапевт Санина рассказала, почему врачам важно проходить повышение квалификации

Подмосковное УФАС оштрафовало сотрудников администрации округа Долгопрудный

Музыкальные новости

Студенты Академии Игоря Крутого раскрыли свои таланты

5-летняя дочь Анастасии Заворотнюк пришла на могилу матери

До плюс 50 градусов: Каким городам России грозит аномальная жара летом 2024 года. Опубликован список

Выставка Росгвардии «День передовых технологий обеспечения безопасности личности, общества и государства – 2024» продолжает работать в Красноярске

Новости России

«Алтай для него это ссылка»: Путин предложил Турчаку возглавить регион

SHOT: полиция задержала организаторов сети вебкам-студий

В МОНИКИ им Владимирского завершился IV медицинский форум

Суд в Москве оправдал участников ЧВК «Енот» по делу о разбое и кражах

Экология в России и мире

С чем носить юбку этим летом: примеры стильных образов

В филиалах АО "Желдорреммаш" прошли мероприятия ко Дню защиты детей

Eurasianet: Азербайджан публично и цинично уничтожает армянское культурное и историческое наследие в Нагорном Карабахе

Студия Звукозаписи в Москве. Создание Песен, Музыки, Аранжировок.

Спорт в России и мире

Теннисист Джокович побил рекорд Федерера по победам на турнирах "Большого шлема"

Осталась в одиночестве: Андреева победила Грачёву и вышла в четвертьфинал «Ролан Гаррос», Медведева остановил де Минор

Джокович совершил суперкамбэк на Ролан Гаррос и установил абсолютный рекорд

Александр Зверев: «Сказал себе, что хочу стать примером для подражания. Я больше не ломаю ракетки, почти не получаю предупреждений»

Moscow.media

Рассказ про зятя. Хоть и не про котиков, но тож смешной

Торжественное возложение цветов к памятному знаку «Юным героям — партизанам и подпольщикам» в Феодосии

ИИ поможет врачам предсказывать эффективность иммунотерапии у пациентов с раком

ТСД SAOTRON RT-T50: высокопроизводительный терминал сбора данных промышленного класса







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *