Москварчу метрохь пассажирна дагестанхой тIелатарх лаьцна ша йинчу забарх кхетийна Нурмагомедовс
"ХIордал дехьа болчарна йина Iоттар яра иза. Забар санна и тIелаьцнарш а бу, оцу берашкахьа ас гIо даьккхина аьлла хетарш а бу. Цомгашчу кхаа стеган къизаллина тIетовр вац кхетам чохь волу стаг", - аьллачу Нурмагомедовн дешнаш далийна "Спорт-экспрессо".
ГIадужу-беттан 12-чохь ирландхойн шозза чемпион лаьттинчу UFC-н латархочун Макгрегор Коноран сурт шен инстаграме хIоттийнера спортхочо: "Бастрыкинера сан мидал стенгахь ю? Дагестанхойн жIугано ма йиттинера суна а" аьлла, яздина.
Нурмагомедовс дагадаийтинера цуьнца, 2018-чу шарахь Макгрегорца UFC-н чемпиоанан титул къовсуш леттачул тIаьхьа хилла летарш. ХIетахь дагестанхойн спортхо, хаамийн гIирсашкахь яздарца, Макгергоран командан декъашхошна тIелеттера рингал а арахьа.
Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александра "Сийлалла, майралла" аьлла мидал елира Москварчу метро чохь Дагестанерчу кхаа вахархочо йиттинчу Ковалев Романна.
Талламан версица, ГIадужу-беттан 4-чохь Ханмагомедов Магамалис а, Мусалаев ИбрахIима а, Залибеков Гасана а маьттаза къамелаш а деш, кхерамаш тийсинера метрополитенан цIерпоштахь хиллачу зударшна. Царна уллохь нисвеллачу жимчу стага бехк баьккхинера цаьргара. Цул тIаьхьа, цуьнан коча а бахна, йиттинера оцу кхааммо.
"Стаг вен гIортарна" а, "Iедалан векалшна дуьхьал ницкъбаккхарна" а аьллачу шина артиклехь бехкаш кховдийна цаьрга.