Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Школехь герз детта воьлла кхиазхо лаьцна Пермскан кIоштахь

Пермь гIалина гергарчу Сарс эвлахь таллархочун тоьпаца школе веанчу 12 шо долчу кхиазхочо шозза герз тоьхна хилла тховх а, пенах а. Регионерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-гIуллакххоша бинчу хаамца, иза дIалаьцна. Лазийна, вийна стаг а вац оцу инцидентехь.


Доьшийлехь урокаш йолаялале хьалха кхийсарш дуьйлалучу заманчохь 300 дешархо а, 30 хьехархо а хиллера школехь. Шайн лаамехь гIишлочуьра арабевллера уьш.


РБК-н хаамашца, школан директоран аьтто баьллера зеназа 6-чу классан дешархочуьнгара герз схьадаккха. Цо бертавалийнера кхиазхо шен кабинетчу ваийта а, герз схьадала а. Регионан Iедалхоша тIечIагIйира и информаци. Герз детта бахьана даьлла хила тарлора, школехь иза хьийзорна.


"Интерфаксан" хьастано дийцарехь, дешархо тилкхаза лелаш хиллера. Ша герз деттачу заманчохь уьйр йоцу къамел динера цо, ткъа лоцучу заманчохь мохь биттинкера "Делан пурбанца" лелаш вара ша бохуш, дийцина агенталле къамел динчо. Берийн психиатрин экспертизе хьажор ву лаьцна ялхолгIачу классан дешархо.




Таллархочун карабин шен дегара эцна хиллера кIанта. Ден цIартIехь дIаязйина ю иза официалехь. ТАСС агенталлан хьасто хаам барехь, герз диттинчу кхиазхочунна дуьхьал доккхур дац бехкзуламан гIуллакх.



2018-чу шеран ГIадужу-беттан 17-чохь аннекси йинчу ГIирмин Керчь гIалахь 18 шо долчу студенто Росляков Владислава герз диттира политехникан колледжехь. 21 стаг вийра хIетахь, ша тIелеттарг а цхьаьна. Доьшийлехь дукха нах бойъуш дина зулам лоруш ду иза кху заманарчу Европан исторехь.
Кху шеран Стигалкъекъа-баттахь Казанерчу номер 175 йолчу гимназехь эккхийтар а деш, герз диттира Галявиев Ильназа. Исс стаг вийра цо, чевнаш йира 24-нна.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *