Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Колонехь даккха 11 шо хан тоьхна нохчийн криминалан къуьйна Омар Уфимскийна

Нохчийчуьра схьаваьллачу криминалан авторитетна Бекаев Омарна, къуйн гонашкахь Омар Уфимский цIарца дика вевзачу, тоьхна таIзар бакъоне дирзина. Карарчу шеран Марсхьокху-баттахь кхайкхийра цуьнан хьокъехь бина сацам. 11 шо сов набахтехь даккха деза Бекаевн.


Бекаевн бехк тIечIагIбина, "тутмакхийн иерархехь латтарна" а, "набахтен белхашна дезорганизаци латторна" а. 1999-чу шарера схьа дуьйна Бекаев зуламхойн иерархехь лаккхара дарж дIалаьцна хилар а, криминалан авторитет хилар а тIечIагIдина лерина кхело, яздо "Комсомольская правда" газето шайн сайтехь.




2019-чу шарера таханалерачу дийне кхаччалц Удмуртерчу набахтехь таIзар токхуш ву Бекаев Омар, Москварчу Химкин кхело наркотикаш лелорца доьзна дуьхьал даьккхинчу гIуллакхна тIехула.



Гезгамашин- беттан 2-3-чу дийнахь Афинашкахь хиллачу "тутмакхийн эланийн" цхьаьнакхетарехь ультиматум кхайкхийна криминалан гонашкахь Шалинский Ахмед аьлча вевзаш волчу Домбаев Ахьмадна, 150 миллион сом цо шена дитина аьлла.
Нохчийчуьрчу Шелара ву Домбаев. Москварчу тIеман кхело талораш дарна 2011-чу шарахь набахтехь яккха 10 шо хан туьйхира цунна. Хан текхна цо Къилбаседа ХIирийчохь, Оренбурган а, Челябинскан а мехкашкахь. Маьршаваьлла, Нохчийчу юхавеана 2019-чу шарахь.
Набахтера мукъаваьлла дукха хан ялале Домбаев Москва дIавахара ваха. Цо даймохк дIатасале дара Нохчийн республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, шен ларам бац " тутмакхийн низамашка", " тутмакхийн элийн" шайн Нохчийчуьра гIуллакхаш дита дезар ду аьлча.
2020-чу шеран Марсхьокху-баттахь Къилбаседа ХIирийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло дIахьедира, Домбаевна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийна шаьш цо криминалитетан тIегIанашкахь лаккхара "дарж" шена тIеэцарна, аьлла. Талламо бахарехь, цунна "тажтиллина" иза БуьритIерачу №1 колонехь хан йоккхуш волчу шерашкахь.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *