Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Казанерчу кризисан центрехь лечкъина хилла Дагестнера ши йоI дIайигина полицино

Шьш довза а ца довзуьйтуш, селхана сарахь Казанерчу "Ненан хIусам" кризисан центре чулилхинчу полисхоша дIайигина цигахь лечкъина хилла Дагестанера ши йоI. Ца хаийтина и шиъ стенга, хIунда юьгуш ю а. "Благие дела" гIоьналлин фондан куьйгалхочо Байназарова Алияс дийцина "Новая газете", шайн цIа богIуш санна, хецна неIарш дIа а йоьллуш чубаьхкинчу цара, дIайигира ши йоI полици аьлла.


Байназаровас бахарехь, цхьахйолчу жимчу зудчун ши шо кхаьчна йоI ю, цул а хьалхарчу буса кхаьчнера уьш гIелонах бевдда зударий дIалечкъачу хIусаме.


"Шаьш бехачу гIалара бовда дезнера церан. Керла дахар доло лаам бара церан. Цхьахйолчу йоьIан да вевза тхуна, иза бусулба динан хьехамча ву. Зудабераша гIо доьхура, бертаза маре дIаелла хиллера и шиъ", - кхетийна цо.


Бакъонашларъярхочо Анохина Светланас тIетоьхна, полицино уьш дIабигина цхьа сахьт хан яьллачул тIаьхьа, зудабераш шеца зIене девлира, "гIовгIа ма эккхийта", хIунда аьлча, шаьшиъ могуш-паргIат ю аьлла. Анохина тешна ю, нуьцкъаша цу шинга алийтина иза аьлла: "Цхьана секундана а ца теша со, шайн лаамехь цу шиммо дIахьедарш дина аьлла. Цхьа шо а дара тхо оцу шина йоIаца зIенехь долу, тхоьгара орца оьшу шайна бохуш, дийнна шарахь чIагIдора цара".


Татарстанерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло "Новая газете" хаам бина, Дагестанерчу зудаберех лаьцначу инцидентех дуьххьара хезаш ду шайна аьлла.





Кху шеран Чиллан-баттахь ницкъхоша лачкъийна Нохчийчу вигира ши ваша Магамадов Салехь а, Исаев Исмаил а, Лахарчу Новгородехь шайна лаьцначу петарехь лечкъина хилла волу. Карарчу заманчохь лаьцна латтош ву и шиъ, гIаттамхошна гIо латтийна ву аьлла, бехке а вина. Магамадовс а, Исаевс а дIахьедо, СИЗО-хь шаьшинна тIехь Iазап латторах, амма церан дIахьедарца бехкзуламан гIуллакх доло дуьхьало йина.
Кху шеран Мангал-баттахь ХIинжа-ГIаларчу, цIерачара ечу гIелонах бевдда зударий дIалечкъинчу хIусамера дIайигира полисхоша Нохчийчуьра Тарамова Хьалимат. Карарчу хенахь цуьнан кхолламах хууш дац.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *