Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Тепсуркаев Салман лачкъорах жоьпалла Оьрсийчоьнна тIехь хилар къобалдина ЕСПЧ-кхело

Тепсуркаев Салман лачкъорах жоьпалла Оьрсийчоьнна тIехь хилар къобалдина ЕСПЧ-кхело

Нохчийн оппозицин IАДАТ телеграм-каналан хиллачу модераторан Тепсуркаев Салманан хьокъехь шаьш бина сацам бовзийтина ГIадужу-беттан 19-чохь Европан адамийн бакъонашкахула йолу кхело (ЕСПЧ). Иза лачкъорах а, цуьнца шогалла лелорах а жоьпалла Оьрсийчоьнна тIехь хилар тIечIагIдина ЕСПЧ-но.

Кхеле яьллера Тепсуркаевн хIусамнана Тепсуркаева Елизавета, ткъа иза зен хилларг ю аьлла, къобалдан цунна дуьхьал ю Оьрсийчоьнан бакъоларъяран органаш, и шиъ зудий-майрий хилар тIечIагIдеш кехат дац бохуш.

Бинчу сацамехь дIахьедо, 2020-чу шеран Гезгамашин-беттан 6-чохь Iуьйранна "нохчийн полицин Iаьржачу барзакъца" болу ницкъахой Краснодаран кIоштарчу Геленджикера хьешан хIусамна чулелхарх. "Отелан хадархоша оцу нахе хIунда, стенга вуьгуш ву иза аьлла, хаьттича, цхьахверг хадархочух тасавеллера, вукхо нохчийн полисхочун бакъо гайтинера шегара. Цул тIаьхьа иза шайгахь хиллачу цхьахйолчу Toyota Camry машена а хаийна, дIабаханера уьш. ХIетахь дуьйна хууш дац иза волу меттиг", - аьлла ду документа тIехь.

IАДАТАН модератор лачкъорна бехке ницкъаллийн структурийн белхахой хилар тIечIагIдина лерина ЕСПЧ-кхело, оцу юкъанна, иза лацар дац "юридикан бух болуш а, официалехь хаийтина а".

Лачкъийначун хIусамнанас дIахьедина ишта, хIинца а цуьнан кхолламах а, стенгахь ву а цахуу шен хIусамда тIепаза вайъарца шен сина бинчу Iаткъамах а. Тепсуркаевана 26 эзар евро, оьрсийн соьмашкахь аьлча, 2,2 миллион сом дIадалийта сацамбина кхелахоша.

Зудчун интересаш ларъеш, кхелехь гIуллакх довзуьйтуш бара "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" юристаш. Къилбаседа Кавказерчу Комитетан декъан куьйгалхо волчу Аламов Мохьмада Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь билгалдаьккхина, ЕСПЧ-кхелан сацам тIехь гIуллакх доьрзуьйтур долуш дац шаьш, зулам кхин дIа а талла кийча бу бакъоларъярхой аьлла. ГIуллакхан йист йоккхур ю, Салман волу меттиг а хиъна, иза лачкъорна бехкеболу нах жоьпе а озош аьлла.

Къамел динчо дIахьедина, Тепсуркаев лачкъорах талламаш хIинца а дIахьош бу, амма бакъоларъярхошкахь информаци яц талламчас бечу балхах аьлла.

"ГIуллакхан материалашна тIекхача аьтто бац тхан. Нагахь санна, хьалхо долийна талламбар юкъахдаккхахь а, тхан таро хир яц материалаш йовза. Цундела тхо лерина ду, Тепсуркаев Салманан хIусамнана зенхилларг ю аьлла, цаьрга къобалдайта. Цуьнан бакъонаш хьаьшна лаьрра, ЕСПЧ-н сацаман буха тIехь кхачош ма ду цунна и компенсаци а", - аьлла, кхетийна Аламовс.

Карладоккху, 2020-чу шеран Гезгамашин-беттан 6-чохь Геленджикехь лачкъийра Тепсуркаев Салман, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахой ду шаьш аьллачу наха. ТIаьхьо цуьнан гергарчийн аьтто белира Салманан телефонца тIаьхьакхиа, иза латточу меттигна. Геолокацино билгалдаьккхира, Соьлжа-ГIаларчу Кадыров Ахьмадан цIарахчу полкехь иза латтош хиларх.

"Iазапна дуьхьалояран комитето" Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле арз хьажийра Тепсуркаевн бакъонаш талхорах лаьцна, иза, ша-шена неIалт а олуш, шишанна тIехаа гIерташ яьккхина видео яьржинчул тIаьхьа.

Тепсуркаевн гIуллакхехь Тепсуркаева Елизавета зен хилларг лара дуьхьал хилира хьалхо Геленджикера талламчаш. ГIалин кхелехь латкъам бира Елизаветас, цул тIаьхьа апелляцин инстанцехь а цхьана.

И гIуллакх лелочу "Iазапашна дуьхьало яран Комитетан" белхахочо хаам барехь, бусулба динехь ма-хьоьхху, шаьшинна юкъахь там-мах а бина, цхьана дехаш дара и шиъ, амма официалехь мар-зудий хилар тIечIагIдан ца кхиира, стохка карантин хIотторца. И шиъ цхьана Iаш хиларх дуккха а тоьшаллаш далийна, уьш къийсина а дац.

Бакъонашларъяран "Мемориал" центро (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн тептара язйина "Мемориал", амма и статус шена тIе ца эцна "Мемориало" – редакцин билгалдаккхар) Нохчийчуьрчу оппозицин «IAdat» телеграм-каналан модератор лаьттина, 2020-чу шеран Гезгмашин-баттахь лачкъийна волу Тепсуркаев Салман политикан тутмакх лору.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Строитель БАМа, работник филиала «Московский» компании «ЛокоТех-Сервис» награжден Почетным знаком за безупречный труд

В Новой Третьяковке открылась выставка «Стена и Слово. Русский монастырь на границе с небом»

Канада ввела санкции в отношении высокопоставленных следователей из ЯНАО

Акция «Чистые окна»

Музыкальные новости

Московский аэропорт Домодедово и Всероссийское общество инвалидов заключили соглашение о сотрудничестве

В рейтинге развития Тамбовская область за 2023 год опустилась на три места

Концертный директор для музыкантов. Концертный директор для певцов. Концертное агентство в Москве. Букинг агентство. Организация концертов и гастролей.

Рубена Варданяна в бакинской тюрьме заставляли долго стоять, его лишали воды, ему не разрешали мыться и менять белье и одежду

Новости России

В госрезиденции «Кымсусан» в Пхеньяне начинаются российско-корейские переговоры

Источник 360.ru: в Марьино на Люблинской улице мужчина выпал из окна многоэтажки

Путин: подготовлен документ, который ляжет в основу отношений России и КНДР

Удушить возбудителей. Эксперты объяснили, как защититься от ботулизма

Экология в России и мире

Как Россия уступила Азербайджану значительные территории Дагестана и два села

СЛД «Красноярск» компании «ЛокоТех-Сервис» получило право ремонтировать грузовой электровоз «Ермак» в объеме ТР-2

Компания ICDMC презентовала свой первый уникальный БАД

Где реально можно купаться летом в Москве и Подмосковье: 8 пляжей которые оборудованы для летнего отдыха

Спорт в России и мире

«Ну и где здесь «группа смерти?» ATP показала, каким был бы Евро-2024 с теннисистами

Рублёв и еще два российских теннисиста не сыграют на Олимпиаде в Париже

Самсонова выиграла турнир WTA в Хертогенбосхе

Теннисисты Рублев, Хачанов и Самсонова не сыграют на Олимпиаде-2024

Moscow.media

В Екатеринбурге начался второй этап опрессовок

Чемпионат и Первенство Москвы и Московской области по автокроссу

«ЯРКО» провела развлекательную программу на фестивале «Крутая песочница»

В России запустили бесплатного цифрового ЗОЖ-помощника







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *