Нохчийчохь юха а кегийна республикин урхаллан декъашхой
![Нохчийчохь юха а кегийна республикин урхаллан декъашхой](https://gdb.rferl.org/05450000-0a00-0242-80f8-08d9889c2a83_cx0_cy9_cw0_w800_h450.jpg)
Нохчийчоьнан премьер-министра Хучигов Муслима вовшахтоьхначу Iедалан хIоттам лаьттина цхьа бутт гергга хенахь, ткъа хIинца цигахь юха а бина хийцамаш. Республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана меттигерчу хаамийн гIирсел а хьалхе бина Нохчийчоьнан Iедалехь хиллачу хийцамех лаьцна шен телеграм-каналерчу аккаунтехь.
ГIадужу-баттахь премьер-минитран социалан хаттаршкахула когаметта хIоттийна волу, культурин министр хилла Дааев Хож-Бауди – Кадыровн гергарсатаг, ден йишехула – хIинца хIоттийна дешаран а, Iилманан а министр. Оцу даржехь цо хийцина Кадыровн шича – Байсултанов Идрис, Кадыровс могашаллин министран дарже хьалхатеттина волу. Байсултанов кардиологан говзалла йолуш ву.
Могашаллин министр хиллачу Сулейманов Эльханах вина республикан Iедалан гIантден когаметта. Индустрин а, энергетикан а министр Шаптукаев Рустам хIоттийна Экономикан а, территорийн а кхиаран а, махбаран а министр.
Цуьнах дисна Нохчийчоьнан индустрин а, энергетикан а министран дарж кховдийна Липецкан областехь республикан кьуйгалхочун векал хиллачу Хакимов Адаме.
Кавказ.Реалиино дагадоуьйту, Нохчийчохь Iедалан даржашкахь республикин куьйгалхочун Кадыров Рамзанан бераш а, вешийн а, йижарийн а бераш а, шичой а, маьхчой а, кхин болу а гергара нах хилар. Цо балочу хаамашца, республикехь пачхьалкхан даржаш тайп-тайпачу хенахь дIалоцуш вара 100 гергга Кадыров Рамзанан гергара стаг.
Шен доьзалхоша цу кепара кхиаме карьераш ярна шена бехк биллича Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIахьедира: "Суна эхь цахета. Нагахь ас сайн халкъах, республикех жоп луш хилча, со ларош а хилча, царна хIун башхалла ю министр а, кIоштан куьйгалхо, я Iедалан гIантда милла хилча а? Цо сан кIезиг сагатта до".
Кхушара ГIадужу-баттахь хIоттийначу Iедалан 24 декъашхочух 13-тта КадыровгIеран кланера стаг ву. Цуьнца цхьаьна вице-премьерех цхьаъ (Висмурадов Абузейд) ву лаккхара дешар дешна хиларан шеконе амалан диплом долуш – 2007-чу шарахь чекхъяьккхина ХIинжа-ГIалан финансийн а, бакъонан а институт "юриспруденция" говзалла караерзош, ткъа куьлтурин министр вац лаккхара дешар дешна а.
Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто керла санкцеш кхайкхийна Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна дуьхьал адамашна тIехь Iазап латторна а, кхел а янза, адамаш дайъарна а, кхин йолу а адамийн бакъонаш талхорна а. Санкцеш хьакхаелла цуьнан зудчух Кадырова Меднех а, церан шина йоIах Iайшатах а, Каринех а (Хадижат). Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа кхайкхам бина кхечу пачхьалкхашка а цу кеппара гIулчаш юкъаяхахьара аьлла КадыровгIеран доьзалерчу нахана дуьхьал.
2020-чу шарахь ГIуран-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун шолгIа йоI Кадырова Хадижат хIоттийра Соьлжа-ГIалан школе даханза долчу берийн дешаран департаментан хьаькаман дарже.