Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Иттаннашкахь божарийн мажош яьшна Узбекистанехь милицин белхахоша

Узбекистанерчу Ташкентан кIоштарчу чоьхьарчу гIуллакхийн органийн белхахоша иттаннашкахь  тIекхайкхинчу божарийн мажош дIаяьшна бертаза. Узбекийн Азаттык Радионо бина и хаам.


Милици тIекхайкхинчух цхьаммо, Холматов Икрама дийцина, гIалин милицин декъе ша Лахьан-беттан 22-чохь вигинера "лоьхуш йолчу цхьана зудчун хьокъехь" хеттарш дан аьлла. Цуьнан телефон зийна, цул тIаьхьа суьрташ даха буьйлабеллера.


"ТIаккха дIахьедира соьга: "Нагахь санна, айхьа маж ца яшахь, оха тхаьш дIайошур ю". Уьш кхето гIоьртира со, сайн маж ас тIехь Iуналла а деш лелош ю, тIех ях ца йолуьйту  аьлла, амма соьга схьахьедира, цуьнах гIуллакх хир дац аьлла", - дийцина цо.


Холматовс бахарехь, маж яша дуьхьал хиллера иза, амма милицин белхахоша тIеIаткъам а бина, цара бохург дан дийзира цуьнан.




ТIаьххьарчу беа баттахь шозза тIекхайкхина ву иза чоьхьарчу гIуллакхийн органаша, шоззе а маж яшийтина.


Меттигерчу жигархочо, шен цIе хьулъяр а доьхуш, хаамбина, тIаьххьарчу баттахь Ташкентан кIоштарчу цхьана Янгиюль гIалахь 22 стеган мажош яьшна хиларх.


Янгиюлерчу милицин белхахочо дIахьедина, "суьрташ дохучу заманчохь бакъоларъяран органаша дехар дина хила тарло, шайн мажош битаме ялае аьлла", амма, боху цо "нуьцкъаша мажош цхьаммо а ца яшийтина цаьрга".




Милицин декъе кхаьчначу божарша чIагIдо, шаьш дин лелош хиларна йошуьйтура шайга мажош. Цара дийцарехь, цхьаболчу божарша лелайо мажош модица, амма уьш хьебеш бац.


"Тхо шайна террорхой хета, боху цара", - чIагIдо Янгиюлян цхьахволчу вахархочо.


2014-чу шарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедира, еха мажош лелор, мекхаш дашар, хечин когаш чукарчор - ваххабизман а, Нохчийчохь могуьйтур доцчу леларан а хатI ду аьлла. Цул тIаьхьа ницкъаллин структурийн белхахой маьждигашка оьхура, "нийса куц-кеп доцу" кегийрхой лоьхуш.




Бакъоларъяран "Мемориал" (Оьрсийчоьнан Iедалхоша арахьара агент лаьрра; "Мемориал" цунна реза яц. - Редакцин билгалдаккхар.) центро шуьйрра яздира, Кадыровн кхеташо йирзинчул тIаьхьа, тIехулара куц "нийсадоцу" кегийрхой леца болорах. "Шекойолчийн" телефонаш охкура цара, радикалан хьажам болу видеороликаш юй хьовсуш. Маж "хила езачу барамехь яц" бохуш, лецна балийначу кегийрхошка бертаза йошуьйтура полицин дакъошкахь, цул тIаьхьа дIахоьцура бохуш, дуьйцура тешаша.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *