Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Нохчийн оппозицин блогеран дас видеокхайкхам дIаязбина шен кIанте

Туркойчохь вехачу нохчийн оппозицин блогеран Халитов Хьасанан дас ГIанис видеокхайкхам язбина шен кIанте. Иза зорбане баьккхина Нохчийчуьрчу парламентан депутатан Ханбиев Мохьмадан инстаграмехь.


"Хьасан, дитахь дош доцург дийцар. Дела дуьхьа, устаза дуьхьа ма дийца! Кху махкахь доцуш дерг а, тхуна доцуш дерг тIекхуллуш Iаш ву хьо. Хьо а ву, хьо саннарш а бу. Уьш ма бийца! ДIа а вахна и къамелаш дан кхиийна вацар ас хьо. Суна моьттура со воккха хилча суна хьо гIоьнча хир ву. Хьох воккхавеш хьалакхиош лелийнера хьо. Ткъа хIинца хьох хIун хилла?.. Суна дуьхьалвели хьо", - бохуш дуьйцу воккхачу стага.  


Халитов Ганис дийцарехь, цуьнан кIанта шен да-нана, гергарнаш а Нохчийчуьрчу низамашлардон органийн белхахоша лецна бахар "харц ду". 


"ТIекхочур валахьара-м, вийна а, цхьаъ дийр хир дара ас хьуна, кхин хьо соцуш цахилча", - боху шен къамелехь къаночо.


Масех де хьалха Халитов Хьасана аудиокхайкхам баржийнера Кадыровга хьажийна болу. Шен къамелехь цо боху иза "хинжа" бу, "Кавказан коьрта шайтIа" ду, "бIиж" бу, ткъа иштта Кремле дIагIо олу цо Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга "нуй а хьокхуш, Путинан кухнехь ваха".



Истанбулан полицин терроризмца къийсам латточу урхалло а, Туркойчоьнан Халкъан талламийн хьукмато а, шаьш махка арахьара чувеъна ялх стаг лаьцна, уьш шпионаш хила тарло, хаам баржийнера ГIадужу-беттан 9-чохь. Герз а, патармаш а даьхна цаьргара, лаххара а цхьаьнгахь карийна Оьрсийчоьнан паспорт. 
 Талламхошна хета уьш тIелатар кечдеш хиллера аьлла, Туркойчохь бехачу нохчийн оппозиционершна, шайна юкъахь Халитов Хьасан а волуш.
ГIадужу-бутт чекхболуш нохчийн болгера Халитов Хьасана бехке вира Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, ницкъаллин структурийн белхахо хиллачу Арсанукаев Ахьмадан гергарчаьрга шен доьзална чIир кхайкхор вовшахтохарна.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *