Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Москвахь "Зенитца" ловзар дIадирзича лецна бIеннаш ЦСКА-н фанаташ

Виъ бIе сов ЦСКА футболан клубан фанат лаьцна дIавигна полицин декъе оцу тобан Петербургерчу "Зенитца" хилла ловзар чекхдаьлча, хаам бо Sports.ru сайто.


Футболахловзар хилла кIиранан сарахь Москварчу "ВЭБ Арена" стадионехь, ткъа иза дIадирзина жамI 2:0 а адолуш хьешаша толам баккхарца. Матч дIайирзича полицино гоне лаьцна ЦСКФ-н фанаташ хиллачу секторшкара хьажархой арабовлу меттигаш. Царах цхьаболчера аьтто баьлла стадионера арабовла 4 сахьт даьллачул тIаьхьа. Оцу хеначохь хьажархой арацабовлийина, ур-аттал гIуллакхна а, церан аьтто ца хилла кхача а, хи а эца.


Болчу хаамца, фанаташ арабаьхна трибунашкара жимачу тобанашкахь, ОМОН-ан белхахошо хIоттийначу коридорехула. Кхин дIа хIоранна а дегIах а хьожуш, автозакашна чу а ховшош, уьш дIабигна гергарчу полицин декъе.




Дуккха а нах дIалацаран бахьана хилла цхьаболчу хьажархоша, ловзар дIадоьдуш а долуш, пиротехникех пайда эцар.


Оьрсийчоьнан футболан премьер-лигехь, хиллачунна комментари еш, мегар ца хилар билгалдаьккхина стадионехь пиротехника лело, амма цуьнца цхьаьна аьлла, полицино лелийначо "кхерам бина хилла адамийн могашаллина" аьлла.


"Халахетарца билгалдоккху оху, оцу тайпачу хиламаша Оьрсийчоьнан премьер-лигин имиджана хьовха, ерриг а Оьрсийчоьнан футболна а вуно вочу агIор Iаткъам беш хилар", - аьлла ду, хилларг толлур ду шаьш аьллачу, лиго динчу дIахьедарехь.


ЦСКА футболан клубан куьйгалло шен агIор дIахьедар арахецна, низамехь доцург лелийнарш емал беш, амма оццу хенахь билгалдаьккхина "бехке боцучу нахана эшам хилийти йиш яц" аьлла. ДIалаьцначу фанаташна юридикан гIо дийр ду шаьш, аьлла клубо.




 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *