Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Кремлан терроризм? Германерчу жигархочо дуьйцу Хангошвили верах лаьцна

Кремлан терроризм? Германерчу жигархочо дуьйцу Хангошвили верах лаьцна

ГIуран-беттан 15-чохь Германерчу кхело бовзийтира, 2019-чу шарахь Берлинна юккъехь нохчийн мухIажар Хангошвили Зеламха веран хьокъехь шаьш бина сацам. Велла дIаваллалц чохь яккха хан кхайкхийна Оьрсийчоьнан вахархчоунна Соколов Вадимна, Красиков Вадим цIарца гоьваьлла ву иза.

Германин прокуратуро хьесап дира, нохчийн шолгIачу тIеман декъашхо Хангошвили цхьана Iалашонца вийна хиларх а, дозанал арахьа вовшахтоьхна, арахьарчу къайлахчу сервисийн операци яра аьлла.

Красиковна динчу таIзарх а, Германин а, Оьрсийчоьнан а юкъаметтигашкахь доккха маьIна долуш и хиларх а дийцира Кавказ.Реалиина, Германехь вехачу антипутинан UnKremlin проектан куьйгалхочо Баграш Дмитрийс. Цо масийттазза акцеш хIиттийра Берлинехь политикан тутмакхашкахьа а, Нохчийчуьрчу мухIажаршкахьа а, иштта жигара яржайора Хангошвилин гIуллакхан тIехула кхелера информаци а.

– Муха мах хадабо ахь динчу таIзаран?

- Массо а агIор со реза ву бинчу сацамна. Кхелан гIишло чохь масийттазза хазийра, Хангошвили вер пачхьалкхан терроризм ю аьлла. Оцу зуламна Кремль бехкехиларх бархI пункт дIакхайкхийра. Суна дага а догIуш, Германин а, Оьрсийчоьнан а юкъаметтигашкахь доллу дуьненна а хазош хIара тайпа сацамбар дуьххьара нисделла ду. Iаламат коьрта прецедент ю хIара. Берлинан юккъехь стаг вер, пачхьалкхо вовшахтоьхна зулам ду аьлла, къобалдина.

– Муха тIеийцира немцойн юкъаралло Хангошвили вер?

– Суна цатайнарг дара, таIзар кхайкхочу дийнахь баккхийчу зорбан гIирсийн векалш цахилар, бакъдерг дийцича, оьрсийн журналисташ а ца гира суна. Меттигернаш бара, цхьаъ дIа а язйора цара. Амма дIоггара йоккха резонанс суна ца хааелира.

– Германехь бехачу кхинболчу мухIажарийн кхолламашна тIеIаткъам бойла дуй оцу дIакхайкхийначу таIзаро?

- Суна хетарехь, доккха маьIна долуш ду и мухIажаршна, хIунда аьлча, хIора политикан статус яларх гIуллакх хIокху кхелехь луьстуш ду. Хангошвилин гIуллакхан хьокъехь бина сацам тIейогIучу хенахь лоруш хир бу.

- Германин канцлеран даржера ша дIаяхале хьалха Меркель Ангелас элира, нагахь санна кхело Хангошвили верца доьзна хIинца бина болу сацам тIеэцахь, Оьрсийчоьнна тIаьхьало йоцуш доьрзур дац аьлла.

- Башха тIекхуьуш вац со хIинца Меркель ала гIиртинчунна. Германехь лидер а, политикан курс а хийцаелла. Цундела канцлер лаьттинчо аьлларг дицдан деза, схьахетарехь, карарчу хенахь Iедалехь болчара оцу хаттарехь лоцур йолчу позицига а хьаьжна. Хьалхе ду хIинца а хьесапаш дан. Къастош цхьа позици хIинца а билгалъяккханза хила а тарло цара. Амма хIара прецедент Iаламат коьрта ю. Фрау Меркела дика тIаьхье йитина. Оьрсийчоь дуьненаюкъарчу терроризмна гунахь хиларх тоьшаллаш гира вайна. Тапъаьлла Iойла ма дац, цхьаъ дан дезаш ма дара!

- Хила мегаш ду аьлла хетий хьуна, таIзар дина Красиков тIейогIучу заманчохь Оьрсийчоьне дIалур ву, иштта таIзарх кIелхьарвер ву иза аьлла?

- Оцу тайпаниг хилахь - и боккха политикан сацам хир бу. Дукхачу адвокаташка, юристашка хиттина ас: оцу кепара прецедент кхузахь хилла яц. Дера гIоьртар ю Оьрсийчоь иза хийца, цу тIехь шеко яц сан. ТIаккха юха а: Германехь тахана йолчу политикан системе хьаьжча, и хIума далур дац аьлла хета суна.

- Кхелан гIишлонна хьлха протестан акци хIоттийнера ахь, хIун Iалашо яра цуьунан?

- Ас акци вовшахтоьхнера, хIунда аьлча, билггал Оьрсийчоь дуьненаюкъарчу терроризмна бехкехиларх гуш дара. Тийна-тапъаьлла Iойла ма дац, хIуъа а дина а цхьаъ дан дезаш ма дара. Немцойн медиан а, немцойн юкъараллин а терго тIеозо гIертара тхо, пачхьалкхан Iедалшна хаийта, Путин Владимирца дийцарш деш стоьла гонах уьш ховшучу заманчохь, шаьш нах бойучу стагаца гIуллакх догIуш дуйла царна дIахаийта.

Кхин а цхьа акци дIаяхьа лерина ву со. Репрессеш лелорна бехке болчу Оьрсийчоьнан полисхойх хаамаш язбеш, база вовшахтоха дагахь ду тхо Дечкен-баттахь. Уьш адамийн бакъонаш йохорна бехкехиларх тоьшаллаш гулдина, и тептар Германин арахьарчу гIуллакхийн министралле дIакхачон лаам бу тхан, оцу нахана Евробертан пачхьалкхашка бахкар дехкийта.

*

Стохка Стигалкъекъа-баттахь, оцу зуламо Берлинна а, Москвана а юкъара тешам бойу аьллачу Германин канцлер лаьттинчу Меркель Ангелна кризисан мIаьрго хIоьттира Хангошвили Зеламха верца. Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира 2019 шеран ГIуран-баттахь "цIий Iенийна бандит" ву Хангошвили Зеламха, "цо вовшахтоьхна Москварчу метрохь дина эккхийтар", элира. "Криминалан гIуллакх" лерира цо Хангошвили вер.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Центр грудного вскармливания открылся в Видном

Росгвардия задержала устроившего стрельбу во дворе Балашихи мужчину

Мосгорсуд оставил без изменений меру пресечения организатору теракта в "Крокусе"

В МИД РФ предостерегли США от ошибок с фатальными последствиями

Музыкальные новости

Здравый смысл против дезинформации официозной пропаганды

Тысячи активистов разгромили офис Socar в Стамбуле, обвинив «Азербайджан» в поддержке геноцидальной политики Израиля в Палестине

Сергей Собянин рассказал о новых трамвайных линиях в Москве

Eurasianet: Азербайджан публично и цинично уничтожает армянское культурное и историческое наследие в Нагорном Карабахе

Новости России

Треть путешествующих россиян предпочитают поездки по России

РЭО высоко оценил проекты молодых профессионалов на конкурсе «Зеленая Москва»

В Москве начались съемки «Чебурашки 2»

БРИКС: женское предпринимательство

Экология в России и мире

Eurasianet: Азербайджан публично и цинично уничтожает армянское культурное и историческое наследие в Нагорном Карабахе

AlfaBiom выпустили на рынок России БАД с красным ферментированным рисом

В Москве в ТРЦ Columbus открылся магазин O`Stin в формате 4.0

Волжский нарцисс - Плес

Спорт в России и мире

Медведев вышел в 1/8 финала «Ролан Гаррос» — 2024

Российские ракетки сообразили на троих // Даниил Медведев, Мирра Андреева и Элина Аванесян дружно вышли в 1/8 финала теннисного Roland Garros

Ролан Гаррос. Расписание 2 июня. Потапова и Швентек сыграют первым запуском, Синнер – последним

Мирра Андреева впервые вышла в четвертьфинал турнира Большого шлема

Moscow.media

Количество «брака» в биомедицинских работах увеличилось в четыре раза за 20 лет

Беспроводной сканер штрих-кодов Heroje S-H29W

Более 40 тысяч семей в Москве и области получают ежемесячные выплаты из средств материнского капитала

Пожар в пятиэтажке унес жизнь неосторожного курильщика







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *