Коронавирусах велла Нохчийчохь эскаршна тIехь буьйралла дина Квашнин Анатолий
Москвахь велла коронавирусан уьнах армин инарла Квашнин Анатолий. Новости агенталло бина цунах хаам, тIеман хьаькамийн Клубан куьйгалхочунна тIетевжина.
Нохчийчохь урхалла дира инарлас Квашнина Вовшахтоьхначу эскархойн тобанан 1994-чу шарахь. 1995-чу шеран Чиллан-баттахь Къилбаседа Кавказан тIеман гонийн эскарийн буьйралла дан хIоттийра иза. ТIаьхьо, 1997-чу шарахь Оьрсийчоьнан тIеман Инарлин штабан коьрте ваьккхира.
Басаев Шемалан а, Хаттабан а тIемалошна дуьхьал Дагестанехь хиллачу операцешкахь куьйгалла а дира Квашнина 1999-чу шарахь. Оьрсийчоьнан президентан Ельцин Борисан къайлахчу омраца Оьрсийчоьнан Турпалхо аьлла, цIе елира цунна 1999-чу шеран ГIадужу-беттан 27-чохь.
1999-чу шарахь Марсхьокху-беттан 2-чу дийнахь Басаевн а, Хаттабан а тобанаша тIелатар дира Гагатль (Гигатль) эвлана, ткъа шолгIачу дийнахь дIалецира цара Агвали эвла а.
6-7-чу деношкахь тIеман хиламаш буьйлабелира БотIлихан кIоштахь – нохчийн тобанаша чуяхара Ансалта а, Рахата а эвланашна. Цул тIаьхьа дукха хан ялале болабелира Нохчийчохь 2-гIа тIом.