Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

"Низамехь волчу къуьнан" Аушев Хьамзатан телхина дакъа карийна ГIалгIайчохь

ГIалгIайчуьрчу Сурхо-ХитIе эвлана гергахь карийна телхина дакъа, хетарехь, криминалан гонашкахь "низамера къу" Хьамзат ГIалгIа аьлла вевзачу 31 шо долчу Аушев Хьмазатан ду. ТIаьххьарчу шерашкахь психиатрин дарбан хIусамашкахь молха-дарба лелош вара иза. Бертал Iуьллучу докъана уллохь карийна тапча. Иза кхалхаран бахьанашлахь дуьйцу, радикалан динан хьежамаш болчу меттигерчу бизнесхошна тIе ясакх йожон гIоьртича иккхинчу конфликтна тIехула вийна хилар, ткъа иза ца тайнера криминалан авторитеташна-вежаршна Аушев Мохьмадна а, Назирна а.


Иштта дуьйцу, веллачун психикаца хилла проблемашца цо ша шена тоьхна хила тарло, бохуш а, хаамбина ВЧК-ОГПУ телеграм-канало.




Республикерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан урхаллан а, ГIалгIайчуьрчу Талламан комитетан а официалан ресурсаша информаци бакъ ца йина, йа Аушевн дакъа карорах хаам харц ца бо. Хиллачух лаьцна Кавказ.Реалиина дийца дуьхьалхилира МВД-н белхахой.


1990-чу шарахь Зазадокху-беттан 30-чохь вина ву Аушев, "коронаци" йира цуьнан 2012-чу шарахь. Дахначу шеран Охан-беттан 5-чохь цуьнгарчу хьолаца доьзна маьршаваьккхира иза Владикавказерчу психиатрин лазартнера.



Нохчийчуьра схьаваьллачу 64 шо долчу Бекаев Iумарна набахтехь таккха 11 шо хан кхайкхийра Удмуртехь дахначу шеран Зазадокху-баттахь. Криминалан гонашкахь иза дика вевзара Уфимский Омар аьлча.
Талламан зерашца, 1999-чу шарера схьа дуьйна зуламхойн иерархехь лаккхара дарж дIалаьцна хилла цо, ткъа иза 2019-чу шарера схьа Оьрсийчохь низамашца магош дац.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *