Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

АрашуковгIар, тIемалой, нохчийн кепехь бехказвалар. Кхарачой-Чергазийчоьнан шо

АрашуковгIар, тIемалой, нохчийн кепехь бехказвалар. Кхарачой-Чергазийчоьнан шо

2021 шеран юьххьехь терроризмца дерг чекхдаьлла баьхнехь а, оцу зуламца къийсам латтийна Кхарачой-Чергазийчоьно ца хеддаш.  Хийца ца делла политикан хьал – Темрезов Рашиде дисина мехкан коьрта дарж юха а. Цу тIе, Иегован Тешаш лаьхкина лелорца топ-регион а ю Кхарачой-Чергазийчоь.

Шира керла Темрезов

Итт шо дуьзна Кхарачой-Чергазийчоьнан куьйгалхо Темрезов Рашид волу. Цуьнан кандидатура къобалйира Халкъан кхеташонан массо а депутаташа, цхьамма санна, шайна иза Путин Владимира кхойдийна хиларе терра. Иза доцуш, дахар шогачу гурашка лоцуш низамаш а арадаьхна махкахь: доьхкуш ду гуламашка 16 шо кхачанза болу кегийрхой битар, магош дац вахархочунна, шен цIе а ца хоуьйтуш, ахча банкехула цхьаьнга хьажон, доьхку ахча дIасахьажор ша низаме яьлла шо кхачанза йолчу хьукматна а.

 

Термезовн санна ирс ца хили АрашуковгIеран – ден а, кIентан а, йолаелла царна ен кхел. Бакъду, ца йолаелла адамаш терра, Бехккъасторхой кечбечу муьрехь, цIенна мина йоьллина, эккха кхерам бу, аьлла, сацийра цуьнан болх.

Кхарачой-Чергазийн цIарах ОЬрсичоьнан Федерацин сенатор лаьттинчу Арашуков Рауфа мацалла кхайкхийра изоляторехь, ша гергарчаьрца телефонехула вист ца хуьлуьйту, уьш шена тIе ца буьту, аьлла. Шена дуьхьалдаьккхина бехктакхаман гIуллакх ша цавезачара кхоьллина ду, "Лефортовохь" шеца харцо лелайо, бохура цо Инстаграмехула.

Федерацин кхеташонехь болх беш а Iаш, лецира Арашуков Рауф ши шо хьалха. Цунна дуьхьалдаккхира махкара жигархо Жуков Аслан а, Кхарачой-Чергазийчоьнан президентан хьехамча Шебзухов Фраль вер а, герзахойн гIера кхоллар а. Цо ша ца лору бехке. Iедало лаца кхайкхийна лохуш ю цуьнан нана а, йиша а.

Раульна, Рауфна АрашуковгIарна иштта бехкедиллина 3,8 миллиард соьманна газ лачкъор, бинчу белхашна гергарчарна алапа ло бохуш, 747 миллион сом даладаккхар. Арашуков-воккханиг а во кIентан лаамца нах байъа кечамаш барна бехке.

 

Бехктакхаман гIуллакхца доьзна лаьцна Кхарачой-Чергазийчоьнан индустрин, энергертикан, транспортан министр Iийна Борнуков Хизар а. Талламчаша бахарехь, цо дохийна шена махкара араваийла дина хилла дехкар.

Мангал-баттахь Ростовхь лецира Кхарачой-Чергазийчоьнан Адыге-Хабль кIоштан полицн оперативан талламан декъан куьйгалхо. Бахьана – нахера кхаьнаш бахарх йолу шеко. Зулам дарца доьзна лаьцна стаг дIахоьцург 1,6 миллион сом дехна боху цо.

Iер-дахар вон доцчух тер аду кхечу хьаькамийн а: экономика кхиоран министраллехь Къилбаседа Кавказна тIехьожучу кураторан Храновский Игоран зудчо Инстаграмехула даржийна ша цуьнца Архызехь садоIуш гойту сурт. Буха ядинчу йозанехь зудчо боху, шаьш садоIучу муьрехь масех миллионах беракема лецира, гойту дийнахь-буса 90 эзар сом шаьш дIало йолу шале, лаьмнашкахь шайна аьхна кхача кечбе нах. Кавказ.Реалиино динчу хьесапца а догIуш, шимма садоIуш дайъина ахча кхочу 5 миллионе – доьзало официалехь шарахь доккхучу ахчане. Редакцино хттар деш кехат дахьийтинера Храновскийс болх бечу министралле, амма жоп ца кхечира. Бакъду, цуьнан зудчо цул тIаьхьа дIакъевлира инстаграмера шен аккаунт.

Терроризмах а, кхечу зуламех а ден дIахьедарш

Лахьан-бутт боьрзуш ФСБ-н Кхарачой-Чергазийчуьрчу декъан урхалло дIахьедар даржийра контртерроран операцехь вийначу шина тIемало хила тарлучу стагах лаьцна. Талламан версица, уьш тетроран тохар дан кечлуш лелла, каравола аьлча, герз детта волавелла и шиъ.

Цул ши бутт хьалха ФСБ-но бохура ша махкахь дан кечдеш хилла терроран зулам юхатоьхна. Талламо дийцарехь, иза дан воллуш хилла ГIебарта-Балкхаройчуьра вахархо, ДАIИШ-ерчу наха хьехна цунна иза. Хилла Iедалан ницкъхой хIаллакбан воллуш

 

ГIадужу-баттахь бехктакхаман дов гIаттийра Прикубанан кIоштарчу яхархочунна дуьхьал. 2012 шрахь дуьйн ша ехачу Шемахь иза террорхойн гIеранехь декъашхо ю, боху Iедало.

Товбецан-баттахь кхин а цхьа Кхарачой-Чергазийчоьнан яхархо бехкеян йолийра террорхошлахь хиларана. 2016 шарахь иза Шема яхна, цигарчу Ракка гIалахь лоьран болх беш Iийна, "кхетамца динан-экстремизман идеологехь а йолуш".

 

Кху деношкахь террорхошна ахча кхехьийтарна бехкейина махкара Чточаева Фатима. Курдойн тIемалоша чубоьхкина латточу зударийн лагерехь шегара а, шен берашкара а хьал ирча ду, бохуш, йоьлхачу йоIанна а, цуьнан бершна а хьажийнера ша ахча, чIагIдо цо.

Терроризм къобалъярна бехкевина Къилбаседа федералан тIеман гонан кхело республикин вахархо Долаев Рашид  - интернетехь йоза дитарца дозу иза. 360 эзар сом гIуда тIакха кхачийна цунна кхело.

ТIаьххьарчу итт баттахь Кхарачой-Чергазийчохь Iорадаьккхина террорца доьзна 17 зулам. И терахь уггаре а лахара ду Къилбаседа Кавказехь. Тоьлла ларало кхерамзалла латтарца республика. Кхаъ эцарца, масала, шарахь бац хаабелла 3 меттиг бен.

Динца доьзна лецарш

Кхарачой-Чергазийчуьрчу НогIийн кIоштахь 5 стаг лецира Оьрсийчоьна йихкина лоручу "Ат-Такфир Вал-Хьиджра" тобанах ву аьлла. Талламера болчу хамца, цара "яржош хилла радикалан исламан ойланаш, држашкара бохо бохкуш хилла уьш хьакамаш, дагахь хилла Къилбаседа Кавказехь ШарIан пачхьалкх хIотто". Боху, даьхна цаьргара герзаш, лелха коьчалш, динан экстремизман литература.

 

Ткъа Иегован Тешан бу лоьцуш республикехь цахеддаш. Гуран-баттахь бехкейина 57 шо долу Мечникова Елена – экстремизм, 5 шо хан тоьхна цунна цIахь яккха. Иза бехкееш бухе диллина цок ест-кеста арахь нах а сецош, уьш дине ийзош хиларна.

45 шо долчу Иегован тешна Батчаев Альбертна а кхайкхийна кхело цIахь даккха 6 шо. Цуьнан бехк бозу Иегова Тешийн тептара тIера динан эарш лекхарца.

Алссам ду оцу динан некъа тIехь Iедалхошна карийна зуламаш.

Нах бехкала бахийтар

Бахархошка телевизор чухула «халкъ къинтIера дахийтарца» Нохчийчоьне ца кхачахь а, некъ карийна оцу тIехь Кхарачой-Чергазийчуьрчу Iедалхошна. Чиллан-баттахь блогере Зайцев Дмитрийга «къур алийтира» иза ах верзина а ваьлла, курортехь гIасалаз тIехь леларна. Полицехь шеца кхетош-кхиоран къамел динаваьлча, меттигера баархой бехира цо офциалехь шена къинтIера.

"Со Москвахь веха, Архыз курорте веъна айса ах-верзина сноубор хохкуш.  видео яккха. Доьху Кхарачой-Чергазийчоьнан бахархошка, массо а садоIучаьрга сайна къинтIербовларна", – боху цо.

Регионан тIегIанехь бац цкъачунна шайна халкъ къинтIера доху хьаькамаш.

***

И берриг а хиламаш лаьттина Кхарачой-Чергазийчохь коронавирусан ун лелачу юкъанна. Массанхьа а санна лахара дара вакцинаци ечу нехан терахь. ГIуран-баттахь мехий шайна деттийтарца къасабелла бахархой бац 55 процент бен. Официало дийцарехь, 30 эзар вахархо ваьлла республикехь ун кхетта. Карарачу муьрехь, Iа хиларе терра, лагIъелла и цамгар.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

В "мигрантском гетто" в Котельниках Центром "Э" задержан организатор "молельного дома" для мигрантов

Решение по участию российских борцов в Олимпиаде будет принято до 20 июня

Коммунальные работники устранили последствия непогоды в Воскресенске

Продажу ряда продуктов приостановят в Москве из-за подозрения на ботулизм

Музыкальные новости

Социальные и ESG-проекты ГПМ Радио названы лучшими в России

«Неприятно, что случилось в Казани». Шипачев — о переходе в минское «Динамо»

В Пензе стартовали соревнования по по мотокроссу на Кубок главы города

«Магнит» планирует строительство нового склада в Ленобласти

Новости России

В "мигрантском гетто" в Котельниках Центром "Э" задержан организатор "молельного дома" для мигрантов

16 июня День Медика - интересные факты о профессии

Испепеляющая жара до + 38 градусов идет на Россию, совсем скоро: Вильфанд рассказал о жарком месяце

Детский сад № 26»Улыбка» откроется после капремонта 1 сентября 2024 года

Экология в России и мире

Совместное заявление участников круглого стола, приуроченного ко «Дню защиты прав безвинно осужденных»

Завершилась первая цикловая встреча региональных руководителей компании AlfaBiom

Proenza Schouler Pre-Fall 2024

Гастроэнтеролог Садыков рассказал, как не допустить отравления бутилированной водой летом

Спорт в России и мире

Теннисисты Рублев, Хачанов и Самсонова не сыграют на Олимпиаде-2024

Дядя Надаля назвал причину поражения Зверева в финале «Ролан Гаррос»

Кирилл Скачков из Новокузнецка стал победителем Игр стран БРИКС-2024

«Ну и где здесь «группа смерти?» ATP показала, каким был бы Евро-2024 с теннисистами

Moscow.media

Росгвардейцы обеспечили охрану общественного порядка в День поселка Вербилки

Прощайте, я от вас улетаю

Портативный ТСД корпоративного класса Saotron RT-T70

В Ингушетии чиновники похищали бюджетные средства, предназначенные для поддержки семей с детьми







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *