Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Владивостокан мэри реза ца хилла Солженицынна хIоттийна эсалла дIаяккха

Владивостокан мэри реза цахилла Карабельная набережная олучу меттехь яздархочунна Солженицын Александарна хIоттийна эсалла дIаяккха, демонтаж яр бух боцу Iалашо ю аьлла. Цунах лаьцна гIалин администрацин векало хаам бина "Интерфаксе", яздо Радио Свобода зорбан гIирсо.


2021-чу шарахь Владивостокан гIалин думан депутата Шинкаренко Максима хаттам беллера администраце и скульптура дIаяккхар тIодожош, иза юкъараллина хетарг тидаме цаоьцуш хIоттийна ю аьлла. Мэрин векалша хIолламан демонтаж яр оьшуш хIума дац аьлла жоп делира, социалан машанашка хьажча, иза туристашна а, гIаларчу бахархошна а хазахеташ меттиг ю аьлла.


Iедалхоша билгалдаьккхира, монумент шен чулацамца вуно лаккхара эстетикан дикалла йолуш хилар. "БIаьранна иза вуно дика йоьзна ю ша лаьттачу меттигца: мокхазан парапетан дакъа хийцина ду куьзганца скульптуран боларан моттаргIа яр Iалашонца", - дIахьедира администрацехь.


Шинкаренкос а дIахьедина, Солженицынна скульптурина демонтаж ян еза бохучу ойланна тIеравьлла ша аьлла, иза дIахIоттийначул тIаьхьа юкъараллина хетарг хийцадаларна.



2015-чу шарахь Шинкаренкос тIеоьллира Солженицынна эсаллина "Иуда" дош тIеяздина у, Сталин Иосифна хIоллам хIоттабайта гIалин Iедалш реза цахиларна. Оцу хенахь депутат цахиллачу жигархочо дIахьедира, "антисоветчикана, русофобана" хIоллам хIотторо эргIада бахийтина керланашкахь а, социалан машанашкахь а комментареш йинарш аьлла.
 Солженицын Александран эсалла кхоьллина скульптора Чегодаев Пётара. Иза Владикавказехь дIахIоттийра 2015-чу шарахь, Гезгмашин-беттан 5-хь. Солженицын хилира оцу гIалахь цкъа, 1994-чу шарахь Стигалкъекъа-баттахь цIерпошта тIехь эмиграцера Оьрсийчу, мехкан цхьацца гIаланашкахь а соцуш, цIавогIуш.
Солженицын Александр - яздархо, Нобелан совгIатан лауреат, Сталинан лагершкахь хан текхна тутмакх - коммунстийн режимана криткаярхо вара. 1974-чу шарахь советан Iедалша СССР пачхьалкхера араваьккхира иза. Солженицын цIавирзира 20 шо даьлча. Велла 2008-чу шарахь Марсхьокху-беттан 3-хь Москвахь.   




 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *