Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Бехке яц? Аун Сан Су Чжина тIехьерчийна а, цунна тIекхоьллина а долу къинош

Бехке яц? Аун Сан Су Чжина тIехьерчийна а, цунна тIекхоьллина а долу къинош

2021 шеран Чиллан-беттан 1-чу дийнахь тIеман карчамца даржах йохийна йолу Нобелан машаран совгIатан лауреат, Мьянмехь лидер Iийна 76 шо кхаьчна Аун Сан Су Чжи 4 шарна набахте хьажийна тахана мехкан коьртачу шахьарахь Нейпьидо гIалахь къевлинчу хьелашкахь йирзинчу кхело. Шен лехамашкахь ехачу Малхбузено, хуьлуш ма-хиллар, тIех тидаме ца оьцуш чекхбалийтина и хилам – иза дозу, дагтIера Аун Сан Су Чжи йожар доцуш, Мьянмерчу тIеман хунте безам бацарца а.

Аун Сан Су Чжи хIинца бехкейийриг ду COVID-I9 пандемин хьелашкахь санитаран дехкарш лар цадар а, "магош боцу зIенан гIирс" цо лелор а (цуьнан цIийнах хьовсуш карийна радио-кепехь хаамаш дIасало гIирс).

Ши шо гергга ду иза лаьцна, шен цIера араяла ца магош кхобу, яц цуьнан дуьнеца зIе, ткъа тIеман кхелаша юха-юха а етта хенаш, 2–3–4 шераш – таIзарш, сов луьра дацахь а, IаьIаш ду.

Су Чжи ю 12 бехктакхаман гIуллакхна кIел, маршонах иза хедочу хенийн хьесап дича, I00 шаре кхаччалц хьалаюза мега етта хенаш. ТIекхоьхьу зудчунна кеп-кепара къинош, уьш цхьа инзаре а хеза дукха хьолехь: "магош боцу зIенан гIирс" лелор, "кхерам а, сингаттам а наханна тIетасар", "къайлаха палтийсарца зуламаш дар".

Цунна 2021 шеран Дечкен-беттан 6-чохь, 4 шо хан а кхайкхош (и хан тIахьо, лахйина, 2 шаре охьаялийра), къевлинчу хьелашкахь йинчу кхело цунна бехкедира "нах къепедацаршка озор" а, хIинца а санна, эпидемиологин хьелаш талхор а. Нах къепедацаршка озор" – иза цо Мьянмехь тIеман карчам иккхича, хунта къобал цаяр доьхуш, шен "Демократехьа йолу къоман лига" партин цIарах арахьарчу мехкийн векалшка кехаташ дIасахьийсийна хилар ду хIинцалерчу Iедална гергахь. Иштта делахь а, цкъачунна Су Чжи шен цIахь кхобу, тIе ха а хIоттийна.

Тамаше ду Аун Сан Су Чжи оцу таIзаршка яхар тIаьххьарчу хенахь дуьненан юкъаралло тидамза дуьтуш хилар – дагалаца деза масех шо хьалха Мьянмехь лаьтта Iазап массара а далхош лелор, зуда-политик даима а дуьненан тидамехь яьхна хилар. Нобелан лауреата рохинджа къома тIехь геноцид латтор бакъдеш дуккха а тоьшаллаш гучудовлар ду цуьнан бахьана.

Аун Сан Су Чжи, Бирмин компарти кхоьллинчу къоман турпалан Аун Санан йоI, политикан тутмакх лаьттина, 1991 шеран Нобелан машаран премин лауреат, Iедалехь хиллачу партин лидер, Мьянмехь (Бирма хилларг) политикан баьчча лаьттира инарлас Мин Аун Хлайна карчам эккхийтталц йолчу хена чохь – 2016-2021 шерашкахь.

Шенна къастийна статус яра цуьнан – пачхьалкхан хьлхара хьехамча, аьлча а, премьер-министран дарж (арахьара гражданалла долуш иза яьхна хиларца доьзна бакъо яцара цуьнан президентан харжамашкахь кандидат хила. Аун Сан Су Чжи, ша марехь хилла ингалсан Тибет-таллархо, буддизман историк Эйрим Михаэльс а санна, Британин яхархо яра хьалха.

Аун Сан Су Чжи хьалха а йолуш, 2011 шарахь демокртин хийцамаш буьйлабаллалц Мьянма инарлин куьйга кIел яра. Оцу маьIнехь шатайпа пачхьалкх ю Мьянма, иза кхоллаялар а дозу цигахь иттанаш шерашкахь Iедалехь Iийначу эскархошца, цара мукъабаьккхира Британех бозуш хилла мохк. Инарлаш шаьш лору Мьянмин маршонан, низмаллин охIланаш, цаьргахьа ю пачхьалкхехь 2008 шарахь юкъаяьккхина конституци а.

Аун Сан Су Чжи "уллера доттагI" ю Малхбалерчу дуккха а лидерийн, цара иза лору низамехь тIаьххьара хаьржина Мьянмин куьйгалхо. Цара дуккхаза а баьхна иза лаьцначуьра мукъаяккха еза, амма яц иза хIинца царна турпалхо, дац иза хьалхалера хIайкал адамийн бакъонш тергалъечу хьукматашна а.

Рохинжда къам хIаллакдечу муьрехь Аун Сан Су Чжи йист ца хуьлуш Iаро йожийна цуьнан еза цIе, дуьнентIерачу демократин жигархоша  Осло петициа а тIехь хьажийра, доьхура цуьнгара Нобелан лауреатан цIе дIаяккхар. Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин лерринчу комиссино шен дIахьедаршкахь билгалдаьккхира, 2017–2020 шерашкахь лидер лаьттина Аун Сан Су Чжи коьртехь йолчу Iедало къобал а деш, эскарша хьийзабо Аракан штатехь рохинджеш, къайлакхоьхьу геноцидах йолу информаци, аьлла. Бохура, Аун Сан Су Чжис "шегарчу даржах, шен авторитетах пайда а оьцуш, цхьа а гIулч ца яьккхина Араканера бахархой гIелонех хьалхабаха".

Ткъа ша Аун Сан Су Чжи юьстахйолура шен къамелашкахь, дуьненаюкъарчу цхьанакхетаршкахь рохинджа хьахочу теманах. Цкъа эккхийтира цо, ша журналисташа хеттарш деш ца йитича: "Схьагайта суна адамийн бакъонаш хьоьшуш йоцу цхьа пачхьалкх!"

Хаа пайден информаци ю хIара: стохка Британехь, Американ Цхьаьнтоьхначу Штаташкахь беха иттаннаш рохинджа-мухIажарш кхеле бевлира Facebook корпарацера 150 миллион ахча доьхуш. Цара бехкейира машанийн долахо цо Аун Сан Су Чжи коьртехь лаьттинчу Iедало а, цул тIаьхьа эскархойн хунто а рохинджа къомах мел дуьйцу вониг дIасадаржорна. Facebook шен "аудитори кхиош хьийза, цо цундела шен машанехула дIасаяржаечу дезинформацино, экстремизмо бала бохь дуьненна", бохура арздинчара.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Полицейскими УВД по ЦАО выявлена и пресечена деятельность наркопритона в центре Москвы

Деньги в стране. Путин поручил сделать автотуризм удобным для россиян

Дело не в дороге: с какими проблемами чаще всего сталкиваются автотуристы

«Как гром среди ясного неба». Андрей Турчак возглавил Республику Алтай

Музыкальные новости

В АО "Желдорреммаш" запущен проект “Дашборд”

Артисты – они все особенные!

Филиал ФГБУ «ЦЖКУ» Минобороны РФ начал эксплуатацию социальной и военной инфраструктуры

Песков: Москва и Пекин намерены продолжать диалог по поставкам газа

Новости России

Лавров отметил подъем в отношениях РФ и Буркина-Фасо

Ольга Тимофеева: «Экологическая повестка волнует ...

Где отдохнуть якутянам летом

Определены места церемоний медального награждения на играх «Дети Азии»

Экология в России и мире

Работник СЛД «Чита» филиала «Забайкальский» ООО «ЛокоТех-Сервис» принял участие в экологической акции по очистке берега и дна озера Кенон

Победитель фирменной игры «Авторадио» получил ключи от Oting Паладин

Пегас сделал важное заявление по Египту: стали известны цены на туры на предстоящую зиму

Befree запускает сайт для поиска талантов

Спорт в России и мире

Джокович снялся с Открытого чемпионата Франции по теннису

Димитров пробился в четвертьфинал Открытого чемпионата Франции

Ига Свёнтек одержала 40 побед над теннисистками из топ-10 рейтинга WTA

17-летний россиянин Даниил Саркисян разгромил Форбса из США на юниорском «Ролан Гаррос»

Moscow.media

Победитель фирменной игры «Авторадио» получил ключи от Oting Паладин

Правительство РФ направило дополнительные средства на завершение строительства трассы Гузерипль – плато Лагонаки в Адыгее

РОССИЮ ОЖИДАЕТ ПЛЮС 50 ГРАДУСОВ: КАКИМ ГОРОДАМ ЖДАТЬ АНОМАЛЬНУЮ ЖАРУ

ТСД SAOTRON RT-T50: высокопроизводительный терминал сбора данных промышленного класса







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *