Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Европерчу гергарчаьрга салам дахьийтина меттигера ши вахархо лаьцна Нохчийчохь

Европехь бехачу шайн гергарчаьрга салам-маршалла дахьийтина меттигера ши вахархо лаьцна Нохчийчохь. Лецнарш бевзачо Кавказ.Реалиига хаамбарехь, уьш лецаран бахьана ду – "Далла дика делла нах ду шу, кхузахь Iаш даций шу" алар.


"Вай дукха хан йоцуш схьайиллинчу керлачу туьканахь ду хIинца, муха яра цуьнан цIе? Хьалха муьлха вистхир вара шух Европерчу вайн махкахошка?", - хоьтту видео дIаязъечо. Цунна жоп лучо боху, царех хьоьгуш ву ша, хIунда аьлча, уьш Нохчийчохь бехаш цахиларна.


Видео дIаязйина керла "Грозный-Молл" центрехь. Бинчу хаамашца, дIалецнарш бу Котар-Юьртара бахархой. Ролик дIаязйинера авторо, ша вехачу Бельги дIавахале хьалха.


"Селхана буса дIабигна уьш ницкъхоша. Iуьйранна Бельги дIавахначунна тIедожийна маса юхаван, нагахь санна, оцу лаьцначу шинна вон болх хила ца лаахь", - дийцина къамел динчо.


Кавказ.Реалиин хьастано хаийтина, Котар-Юьртара ший а вахархо махках ваккха сацамбина аьлла. Яхначу сарахь маьждигехь хIоттийначу гуламехь сацамбина, цо аьллачу дешнаша массо а бахархой сийсазбина аьлла.


IАDAT телеграм-каналан информацица, лаьцначех цхьаъ Устаев Абубакар ву, шолгIачух лаьцна хууш дац. Нохчийн блогеро Абдурахманов Тумсос дийцина Кавказ.Реалиига, видео тIера ши стаг дIавигарх шега а хаамбарх.


Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан сайта тIехь кху сохьта официалехь информаци яц лецначарех.



Нохчийчохь дуккха а нах леца болийра байначу беттан юьххьехь дуьйна. Блогерийн а, юкъаралхойн а хаамашца, дIабигинера Нохчийчохь иттаннашкахь церан гергарнаш.
Нохчийчуьрчу информацин министро Дудаев Ахьмада харцдерг а, дезинформаци а ю аьлла республикехь Нохчийчоьнан куьйгалхойн критикаш лечкъорах дина дIахьедарш.
Оьрсийн а, дуьненаюкъара а юкъараллаш, шайлахь Human Rights Watch, Norwegian Helsinki Committee, Amnesty International, International Federation for Human Rights, Iазапашна дуьхьалояран Комитет, арахьарчу агентийн тептаре яьккхина "Мемориал" а, "Гражданское содействие" а йолуш, президенте Путин Владимире бевлла. Цара дIахьедина, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан критикийн гергарнаш байначу баттахь Нохчийчохь лечкъийна хиларх, тIедожийна Нохчийчуьра репрессеш хIуъа дай совцайе аьлла. Цкъачунна Кремло делла жоп дац.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *