Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Кубанехь диаспорийн векалша бехк цабиллар дехна эскархойн скульптура сийсазъярна

Краснодаран махкарчу Нохчийчоьнан а, Дагестанан а диаспорийн векалша бехк цабиллар дехна Молькино поселкехь долчу тIеман декъехь гIуллакх дечу эскархошка, шайн республикашкарчу оццу декъехь эскаран гIуллакх деш болчу салттаа беллачу спецназхойшна хIоттийна скульптура сийзаъярна, хаам бо Кавказ.Реалиино.


"Вайн дедай а, церан дай а кхелхина Даймехкан Боккхачу тIамехь. Къамел деш тхо кхийтира, уьш (харцхьалелларш) дика кхетта цахиларх шаьш дечух, цундела бехк цабиллар доьху оху, иза иштта нисдаларна", - элира Краснодаран мехкан губернатора Iуналла дечу къаьмнийн юкъаметтигашкахула а, динца йоьзначу цхьаьнакхетаршца юкъаметтигаш латторехула а Кхеташонан декъашхочо Магомадов Муслима.


Диаспорийн векалша кхеторан къамел дира салташца, хаам бо "Кубань 24" телеканала. Оцу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара скульптура сийсазъярна бехке вечу цхьана салтичун да.


"Суна эхь хета. Эхь хета сан махкахоша цу тайпаниг дарна. Ма дарра аьлча, цара динарг – доккха зен ду, де-ненан авторитет йохор ду, - элира Дагестанан куьйгалхочуньнан Краснодаран мхкахь официалан векал волчу Нурутдинов Магомеда.



Краснодаран махкахь бакхтакхаман гIуллакх долийна арме вигинчу шина къона салтичунна дуьхьал, ницизмна реабилитаци ярехула йолчу артиклехула.
Болчу хаамца, Краснодаран махкахь Молькино олучу тIеман декъехь хIинцца арме вигинчу салтичо ницкъаллин латаран приемаш гайтина скульптурина тIехь.
Иштта зулам дина аьлла гIуллакх долийна иза деш видео яьккхинчу кхечу, хетарехь, цIера Дагестанера волчу салтичунна дуьхьала а.
Бехктакхаман гIуллакх долийна "нацизмана реабилитаци" ярна цIе йолчу криминалан кодексан артиклехула. Оцу яртиклан цхьана декъаца а догIуш, 5 шо хан тухуш таIзар дан догIу хталххе барт бинчу тобано "нахана гуш-хезаш Оьрсийчоьнан тIеман сийлаллин симвош сийсазъярна а, Даймехк ларбархойн эсала сийсазъярна а".
Кавказский узело дийцарехь (иногант льрра ю и сайт Оьрсийчохь), Молькинохь хIоттийна хIоллам хьажийна бу 2008-чу шарахь оьрсийн-гуьржийн тIом боьдуш Марсхьокху-баттахь Къилба ХIирийчохь вийначу Оьрсийчоьнан спецназхочунна Абдуллин Раушанна




 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *