Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Цхьаьнатоьхначу Штатийн Сената сенкцеш кечйина Оьрсийчоьнан президентана Путинна дуьхьал

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Сенатерчу демократаша низаман проект кечйина Оьрсийчуьрчу лаккхарчу даржашкахь болчу Iедалхошна а, шайна юкъахь президент Путин Владмир а волуш, банкан структураш на а дуьхьал санкцеш кхайкхорах лаьцна, нагахь Москвано тIом болабахь Украинина дуьхьал. Цунах лаьцна хаам бо Радио Свобода зорбан гIирсо.


КIайн ЦIийно гIортор йинчу низаман проектах лаьцна хьалхо хаам бира The Washington Post газето. Документ кечдина сенаторийн тобано, шайн коьртехь дуьненаюкъарчу гIуллакхашкахула комитетан куьйгалхо Менендес Роберт а волуш.


"Оцу низаман проекто дукха дика кхетуьйтуш ду, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Сенат куьйгаш охьадехкина хиъна Iийра цахилар, Кремло шолгIа а тIамца Укранина дуьхьал кхерамаш туьйсуш а болуш", - дIахьедина Менендеса.


Нагахь Оьрсийчоьно агресси йина хIума хилахь Украинина дуьхьал, сенатошна хетарехь, дехака деза Путинна Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташка вар, болхбечура совцо цуьнан Америкехь йолу активаш. Цу кеппара дехкарш юкъадохур ду премьер-министрана а, арахьарчу гIуллакхийн министрана а, тIеман министрана а, ткъа иштта тIом болорна Вашингтонна бехке бу аьлла хетачу кхечу Оьрсийчоьнан Iедалхошна а. Санкцеш юкъаяха еза аьлла хета низаман проектан авторшна Оьрсийчоьнан президентан гергарчарна а, цуьнан уллерчу бизнесхошна а.




Документехь яздина ду Оьрсийчоь Украинина тIелетта 30 де далале Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан дезар ду Оьрсийчоьнан уггар йоккхах йолчу кхаа банкана дуьхьал санкцеш юкъаяха.  


Оцу дехкаршна юкъадогIуш хир ду Оьрсийчоьнан пачхьалкхан арахьара декхар а, ткъа иштта "Северный поток-2" газан биргIа а.


Низаман проектехь аьлла ду, нагахь Оьрсийчоьно агресси яхь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн дезар ду Украинина тIеман гIо дар алсамдаккха аьлла.




 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *