Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

ФСБ-но дIахьедина, Американ дехарца хакерийн REvil тоба йохийна дIаяьккхина шаьш аьлла

Федералан кхерамазаллин сервисо  дIакхайкхийна, цхьамоггIа яккхийчу америкахойн компанешна атакаш йина REvil хакерийн тоба йохийна дIаяьккхина шаьш аьлла. Тоба а, цуьнан инфрасруктура а хIаллакйина, декъашхой бехке бина кредитан харц картанаш дарна, чIагIдо лерринчу сарвисехь. Стохка Товбецан-баттахь Оьрсийчоьнан а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а президенташа Путин Владимира а, Джо Байдена а дийцарш дIадаьхьначул тIаьхьа гучура дIаелира и тоба даркнетехь.


REvil евзаш яра дуьнентIехь уггар яккхийчерах йолу хакерийн тоба санна. Коммерцин атакаш еш яра иза, компанешкара ахча доккхуш информаци хIаллак цайийриг. 2021-чу шарахь цуьнца юьйзира иттаннаш эзарнаш компанешна, шайна юкъахь Colonial Pipeline Американ биргIанаш тосу компани а, дуьнентIехь а йоккха жижиг духку Бразилин JBS компани а йолуш, йина атакаш. И бахьана долуш кIиранна шен биргIанийн машанан болх а сацийна, хIакершна биткоинашкахь 4,4 миллион доллар дала дийзира Colonial Pipeline  компанин.




Товбеца-баттахь (июль) Цхьаьнатоьхначу Штатийн Iедало мах балар кхайкхийра 10 миллион доллар гергга барамехь, кхечу пачхьалкхаша де а аьлла, америкахойн объекташна тIелетарш дина киберзуламхой болу меттиг каро гIо динчунна.




Американ лерринчу сервисаша масийттоза дIахьединера REvil тоба Оьрсийчуьра болх беш хиларх лаьцна. Иза дIачIагIар тIедожийнера Путинна президента Джо Байдена.


Стохка Лахьан-баттахь Британерчу Daily Mail газето чIагIдора, оцу тобан лидер ву боху Полянин Евгений Барнаулехь вехаш ву бохуш. Американ ФБР-н (FBI) сайта тIехь и стаг хIинца а лоруш ву лехамехь, иза лаьцна хиларх цхьа а хаам бац.


ФСБ-но бинчу хаамехь чIагIдеш ду, оцу тобан декъашкара 426 миллион сом а, 600 000 доллар а, 500 000 евро а, ткъа иштта техника а, премиум-классан 20 машен а яьккхина хилар. Лецнарш муьлуш бу дуьйцуш дац. ФСБ-но дIахьедина операцин жамIаш Вашингтонна довзийтина шаьш аьлла. Американ коьртачу гIалахь оцу хааманна комментари йина яц.




 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *