Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

ГIалгIайчуьрчу жигархочо шайн реза дацарш довзийтина, Кадыровн кхайкхамна жоп луш

ГIалгIайчуьрчу "Мекх-Кхел" юкъараллин  вовшахтохаран гIантдех цхьаъ волчу Султыгов Сараждина шаьш реза доцучу кхаа хIуманах лаьцна дийцина, Кадыров Рамзана ша бехке хетарг хаийта шена 3 де далале аьлла гIалгIашка бинчу кхайкхамна жоп луш. Цунах лаьцна хаам бо Кавказ.Реалиино.

Хьалхара реза цахилар доьзна ду территорин хаттарца, шолгIа – нохчийн Iедалхоша гIалгIайн юкъараллин жигархошна дуьйцург, ткъа кхаалгIа – тIом боьдуш Соьлж-ГIалахь бехаш хиллачу ГIалгIайчуьра мухIажаршца лелориг.

"Юхаяккха цхьа гIулч. Латтанца доьзначу хаттарехула шина агIонан комиссеш охьаховшае, таро ло царна болх бан. И тайпа аьтто бацахь хаам бе тхоьга", – дIахьедина Султыговс шен видеокхайкхамехь. Иза гIалгIайн маттар гочдар дала до "Фортанга" зорбан гIирсо. Юкъараллин жигархочо иштта ваIда дагадаийтина ХашиевгIеран тайпа даьхна хилла территореш дIахоьцур ю аьлла, цо чIагIдарехь, нохчийн Iедалша дина долу.   

"Цкъа аьллера аш и территореш д1ахоьцур ю аьлла, Хашиевг1еран тйпа дехаш хилла йолу. Цигахь г1алг1айн кешнаш ду. Вай дала дезаш ма ду, вай бусалбанаш ма ду, Далла дуьхьал даха дезаш долу. Оццул хала хаттар ма дац иза, Рамзан,вайн халкъашна юкъахь ц1ийн т1адам 1ано оьшуш ма дац иза", - аьлла Султыговс.

 "Мекх-Кхел" юкъараллин вовшахтохараллин гIантдас хьахийна Кадыровга ГIалгIайчоьнна а, Нохчийчоьнна а юкъара дозанаш билгалдаха шина агIонан комисси кхоллаезара аьлла. Султыговс иштта дехар дина Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга, нохчийн Iедалхой ГIалгIайчоьнна ма лейтахьара аьлла.

"Вежарийн юкъаметтигех лаьцна дийцира ахь. Ларде и хьал иза цхьана агIор цахилийта. Тхуна дуьхьал цхьа гIулч яккха, оха кхо гIулч йоккхур ю! ТIаккха хир ду вайна юкъахь вежаралла а, вовше ларар а", - тIетоьхна Султыговс.

Хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана видеокхайкхам дIаязбина, луларчу ГIалгIайчуьрчу бахархошка а, къаношка а хьажийна болу, хаам бо Радио Свобода портала. Оцу кхайкхамехь цо кховдийна кхо де далале шена долу реза цахиларш кечде аьлла. Нагахь ша бехкевар бух болуш дацахь а, сий дойуш а хилахь, аьлла цо, шена цхьана а низамо новкъарло йийр яц, шен а, шен доьзалан а, халкъан а сий лардан аьлла. Иза кхочуш дан хIуъа а дийр ду ша, боху Кадыровс.

Инстаграмехь зорбане баьккхинчу кхайкхамехь Кадыровс боху, ша буьтур бац "шен халкъан а, тайпан а, доьзалан а, шен а сий а, дозалла а бехдан гIерташ болу нах, жоп доьхур ду ша". Кадыровс ша бехке ву аьлла хетахь шена догIу таIзар а дийца боху шега. Цо тIетоьхна, кхаа дийнахь-бусий жоьпе хьоьжушIийр ву ша аьлла.

Кадыров огIазвахийтинарг ду ГIалгIайчоьнан куьйгалхочоIуналла дечу динца доьзначу гIуллакхашкахула урхаллин хьаькамо Хадзиев Яхьяс, шена бехк цабиллар дехар. Оцу стага шена къинтIера ваьккхинарг Кадыров вацара, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна ша мараэккхарна шена луьйш болу нах бара.

Кадыровс дIахьедар дина 2018-чу шарахь Гезгмашин-беттан 26-хь дозанех лаьцна бинчу бартаца ГIалгIайчохь нохчийн ярташ йисна хиларх."Ас дуй буъу Делан цIарца, со а, сан тайп а Дала хIаллак дойла, нагахь ас харцдерг дийцахь: ас дерриг а дира, шун куьйгалло ма деххара. Со юхавелира, йитира тхайн ярташ, - дIахьедира Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а доза билгалдоккхуш бинчу бартана кIел куьг таIийра шина республикан куьйгалхоша Кадыров Рамзана а, Евкуров Юнус-Бека а 2018-чу шарахь Гезгмашин-беттан 26-хь. Бинчу бартана реза боцчу наха масех митинг дIаяьхьира 2018-чу шарахь гуьйранна а, 2019-чу шарахь бIаьста а. Демонстранташна хетара, дозанаш билгалдахар нийса дина дац аьлла

2021-шо чекхдолуш ГIуран-беттан 15-хь Ессентукехь хиллачу кхело гIалгIайн дуьхьалонан акцийн 7 хьалханчана 7,5 шаранна тIера 9 шаре кхаччалц хенаш туьйхира. Уьш бехке лерира Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а доза билгалдоккхарна дуьхьал хиллачу Магасерчу митингехь ницкъбар вовшахтохарна а, эскстремистийн юкъарло кхолларна а. Чубоьхкинарш политикан тутмакхаш лерира бакъонашларъяран "Мемориал" центро (вовшахтохаралла юкъатоьхна ю иноагентийн реестрна).

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Книжная выставка «Летнее чтение – вот это приключение!»

Ситуация под Авдеевкой на 15 июня 2024 года. Карта боевых действий на сегодня (08:00 мск), ВС РФ закрепились на окраинах Сокола

Виртуальная удача – казино Vavada

"КазМунайГаз": Казахстан до конца года поставит в ФРГ более 1 млн тонн нефти

Музыкальные новости

Сергей Собянин. Неделя мэра

В ЦДКЖ 18 августа ждут любителей группы «Рекорд Оркестр» на Квартирнике Евгения Маргулиса

«Всю жизнь я зарабатывал пением и… легким аферизмом». Прохор Шаляпин раскрыл источники дохода в шоу «Вкусно с Анфисой Чеховой» на ТВ-3    

В Московской области сотрудники Росгвардии задержали подозреваемого в краже электроинструментов

Новости России

Рядом с пляжами находится 50 новостроек Москвы

Как сохранять эффективность на работе летом и во время отпусков коллег

В Москве суд вынес приговор насильнику 14-летней девочки

Книжная выставка «Летнее чтение – вот это приключение!»

Экология в России и мире

В Москве пройдет выставка Евгении Васильевой «Между пороком и добродетелью»

Прямые рейсы в Таиланд неожиданно снимают: стали известны подробности и альтернативы

Новый ирригатор Revyline RL 610 Green Dragon уже в продаже в Норильске

Где недорого отдохнуть в июле? Россиянам раскрыли все карты по турам за рубеж и по России

Спорт в России и мире

Соболенко и Димитров вместе потренировались на «Уимблдоне»

«Наконец-то всё началось». Борис Беккер побывал на матче открытия Евро-2024

Медведев, Кафельников, Федерер, Маррей, Роддик, Агасси поздравили Синнера со статусом первой ракетки мира

Александрова вышла во второй круг турнира WTA в Хертогенбосе

Moscow.media

Прощайте, я от вас улетаю

Утро нового лета....

Храм Преображения Господня в Коммунарке

«ЯРКО» провела развлекательную программу на фестивале «Крутая песочница»







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *