"Имарат Кавказан" символика гайтарна смартфон дIаяьккхина Дагестанерчу вахархочуьнгара
![](https://gdb.rferl.org/7AAD1975-281E-43F5-B02F-1B9C704C2E8E_w800_h450.jpg)
Дагестанехь Кизилюртан кIоштан кхелобехке лаьрра меттигера вахархо Абдурашидов Халид, гуш-хезаш социлан машанехь "Исламан пачхьалкхан" а, "Имарат Кавказан" а символика гайтарна. И ши а тоба, терроран а лаьрра, йихкина ю Оьрсийчохь.
КIоштан суьдо бинчу сацамехь аьлла ду, республикан вахархочо Khalid boroda аккаунтехь дIахIоттийна ИГИЛ-ан т Iемалойн байракх а, ткъа иштта "Имарат Кавказ" тобан символика а аьлла.
"Абдурашидовс суьдан кхеташонехь и тайпа адмиристративан низам дохорна ша бехке хилар тIелаьцна, чIагIо йина т ейогIучу хенахь цу тайпа федералан низамо магош доцу х Iуманаш ца дан", - аьлла ду суьдан сацамехь.
"Пропаганда яр я гуш-хезаш нацистийн атрибутика а, символш а я экстремистийн вовшахтохараллийн атрибутика а, символш а гайтарца йоьзначу акртикло хьоьху бехкечунна цхьана эзар соьман тIера ши эзар соьме кхаччалц барамехь гIуда тохар я лацар 15 де-буьйса даккхийта. Суьдо гIуда тоьхна Абдурашидовна 2 эзар сом барамехь. Ткъа иштта Iедална пайденна аьлла телефон дIаяьккхина цуьнгара, цо "эсктремистийн" посташ хIиттош лелийна йолу.