Вовшехлетта ши полисхо балхара дIаваьккхина Дагестанехь
![Вовшехлетта ши полисхо балхара дIаваьккхина Дагестанехь](https://gdb.rferl.org/DFAA8EC1-21F3-4686-889B-653255389E4B_w800_h450.jpg)
Вовшахлетта Махачкаларчу ППС-н полкан ши белхахо Дагестанан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло балхара дIаваьккхина аьлла, хаамбина Кавказ.Реалиига министраллан пресс-гIуллакххоша. Полицин ши белхахо леташ видеоролик гучуелира инстаграм-пабликашкахь кху деношкахь.
Цу тIехь гуш ду, юьхьанца дешан конфликт юйлу цу шинна юкъа, цул тIаьхьа цхьахволчо корта туху, тIаккха лата волало и шиъ. Дов даьллачарна тIехьаьддачу кхечу полисхоша вовшах воккху и шиъ.
"Талламбийр болуш бу, цул тIаьхьа хиллачун мах хадор бу, иштта церан белхан куьйгалхойн а", - дийцина министраллин пресс-секретаро Гариева Гаянас. Цо бахарехь, конфликт иккхина хилла Лахьан-беттан 18-чохь.
Хьалхо яздора хаамашкахь, лаьцначу мехкан Кизляран кIоштан чоьхьарчу гIуллакхийн декъан куьйгалхочуьнгахьа Исаев Газигахьа хIоттийначу митингехь дакъалацарна Дагестанехь пхи полисхо балхара дIаваьккхина бохуш.