Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Ерриг Оьрсийчоь а ю Нохчийчоьнах дIатарлуш? Нижний Новгородехь бакъонашларъярхочун нана лачкъор

Ерриг Оьрсийчоь а ю Нохчийчоьнах дIатарлуш? Нижний Новгородехь бакъонашларъярхочун нана лачкъор

Дечкен-беттан 20-чохь Нижний Новгородехь шаьш ницкъаллин урхаллера бу аьллачу наха, федералан суьдхо Iийначу Янгулбаев Сайдин хIусамна чу а лилхина, гIиртина иза леван дIавига. Кхелехь хIинца болх беш вацахь а, низамо "шатайпа субъект" лору иза, бакъо яц Инарла Прокуратурера я Кхелахойн лаккхарчу квалификацин коллегера санкци йоцуш лаца –цуьнан зуда Мусаева Зарема а эцна, дIабахна баьхкинарш.  

Янгулбаев Сайди а, Мусаева Зарема а да-нана ду "Iазапна дуьхьалояран комитетехь" болхбинчу бакъонашларъярхочун, юристан Янгулбаева Абубакаран. Иза ша лаьцнера Пятигорскехь хьалхо.

Къйлаяьхна машенаш

Хьалхарчу дийнан сарахь суьдхо вехачу цIенна хьалха (петарахь хилла иза воцург, цуьнан зуда а, йоI а) яьхкина Нохчийчуьра ноьмарш йолу машенаш. Царех цхьаъ – 95-гIачу регионера "Е068КХ" ноьмар йолу Iаьржа "Мерседес" ю Соьлжа-ГIалахь 34 шо долчу «В. Муслим Вариевична» тIеязйина. ШолгIа машен - ноьмар "В666ЕС126" (Ставропол-махкара) – яц гойтуш ур-атталла мехах йоьллуш йолчу информацин базехь а.

 

Баьхкинарш берраш а хилла капюшонаш коьртах йоьхкина а, медикийн махканашкахь а, лаххара а веаммо хилла буьйцуш нохчийн мотт. Юьхьанца церан Iалашо хилла Янгулбаев Сайди дIавига, амма ша сульхо Iийначо а, адвоката Добронравова Натальяс а иза дан церан бакъо йоцийла хаийтича, тIебирзина Янгулбаевн зудчунна. Шайн документаш ца гайтина, дехча, цхьана а ницкъхочо, ткъа хилла цаьрца Нижний Новгородан полицера белхахо а. Хаийтина шех дерг цхьамма – майора Мадигов Адама, цо гайтина Янгулбаев лацар тIедуьллуш Нохчийчуьрчу талламчас Хусаиновс яздина омра, боху "Новая газето". Ткъа тешийн статусехь и шиъ стенна, хIун бахьаница лоцуш ду, хоуьйтуш дац, яздо, уьш масситтазза тIекхайкхина, амма кхехьийтина оцу хьокъехь кехаташ уьш бехаш а боцчу метте.

Кепанна хьахош долу бахьана ду 2019 шарахь Мусаева Заремина дуьхьал, бозбуанчаллаш лелорна, Нохчийчохь гIаттийна бехктакхаман гIуллакх. Амма лаьцнарг-м яц 20I7 шарахь бен даймахка яхана хилла а.

Янгулбаев Сайдис сихха хаам бина Нижний Новгородерчу ФСБ-н белхахошка, шен петарна чугIерташ нах бу, аьлла, ткъа вуьйш IадIийна, полицина хилларг а довзийтина. Еана меттигера полици, шайн хьаькаме телефон а тоьхна, хуьлуш латтачух шаьш ца кхета, аьлла, дIабахна. Чубаьржинчу наха ницкъаша дIайигина, бедарш тIе ца юхуьйтуш, 52 шо долу Мусаева Зарема.

Даржах критика ярна ваьккхина?

ТIекхочучу официалерчу информацица, Янгулбаев Сайди Нохчийчоьнан Лакхарчу кхелехь суьдахо хIоттийна Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран омрица 2012 шеран Гезгмашин-баттахь.

Болх бина цо бехктакхамийн гIуллакхашкахула йолчу кхелахойн коллегехь. ТIекхочехь долу суьдхо Янгулбаев Сайди декъахь а волуш теллина девнаш ду 2015 шарера.

Цуьнан жимахволчу кIанта Янгулбаев ИбрахIима дийцира Кавказ.Реалиига ша масех шо хьалха Кадыровн режимна кртика йина хиларх а, социалан машанашкахь ша Нохчийчохь адамийн бакъонаш хьоьшуш хиларх дуьйцу тобанаш кхолларх а лаьцна.

"2015-20017 шерашкахь, Нохчийчохь а волуш, лечкъпш а воцуш. Ас дуьйцура сайна хетарг,  махкахь нах хьийзош хиларх лаьцна. 2015 шо доьрзуш со а, да а, сан воккхахволу ваша а дIавигира Кадыровн резиденце, цигахь тхан дена а, Абубакарна а йиттира, суна гIлойнарг вара ша Кадыров Рамзан, Даудов Мохьмад, кхиберш. Эха шарахь цIенна бухахь кхебира со – цхьанна е аца хаьара, дийна ву я вийна", - дагалоьцу ИбрахIима.

Цхьа хан яьлча бехктакхаман ши гIуллакх айдина  цунна дуьхьал: экстремизм, экстремистийн гонна ахча латтор.

"Ас ен критика бахаьнехь суьдхочун статус дIаяьккхина дегара. Аьлла, ша балхара дIа ца валахь, хьан воI цIавогIур вац. Да балхах воккхуш талхийна массо а процедурин кеп, иза декъахь а воцуш дIаяьхьна коллеги", - билгалдаьккхира ИбрахIима.

Нохчийчоьнан Лакхарчу кхелан сайта тIехь бац бовзуьйтуш квалификацин коллегино 2015 шарахь Янгулбаевгара дарж дIадоккхуш бина сацам, дац цо чуделла арз а, цунна 2017 шарахь кхело йина дуьхьало а.

Уьш шайна лаахь, Камчатке а кхочур бу

ГIуран-бутт боьрзуш дуккха а гах лечкъийра Кадыров Рамзанан режимна критика ечу дозанал арахьарчу жигархойн, блогерийн. БIе сов бу, яздора хьостанаша, лецнарш (царех дукхахберш дIахецна). Лечначех кхоалгIа дакъа дара бакъонашларъярхочун Янгулбаев Абубакаран ден а, ненан а агIор гергарнаш. Кадыровс дIахьедира, и нах лецнарш хила тарло шайна дуьхьал сийсаз къамелаш динчу блогерийн цIеранаш.

Янгулбаев Абубакара дийцира Кавказ.Реалиига, ша а, шен ваша ИбрахIим а оппозицин 1ADAT боламан каналан модераторш а, администаторш а лору кадыровхоша, аьлла. И тIечIагдеш дуьйцу Европера дукха хан йоццуш даймахка дIаяхначу Ичкерин жигархо леллачу, ткъа хIинца Кадыровгахьа яьллачу Мицаева Рубатисмехкан куьйгалхочуьнца шен хиллачу цхьаьанакхетарехь яьккхинчу видео чохь. Деношкахь Мицаевана Соьлжа-ГIалахь, дуккха а хьакамаш а гулбина, еза машен елла.

Дечкен-беттан 28-чохь Пятигорскерчу полице вигина, хеттарш дина шега Янгулбаевга Нохчийчуьра баьхкинчу талламчаша, дIахьедина, бехктакхаман дов ду терроризм нийса хетачу 1ADAT каналца доьзна, аьлла.

Юриста дийцарехь, цуьнан да дIавига гIортарца а, нана ядорца а ен гIело ю цунний, цуьнан вешиний еш, и шиъ къарван гIерта кадыровхой – церан да-нана цхьана бехктакхаман гIуллакхехь тешаш санна ледан деза бахар хIиллане моттаргIа ю. Янгулбаевс бахарехь, цуьнан да а, нана а хууш а дац хIун ю 1ADAT канал, "уггаре дукха цаьргара даьллехь, хиина хила мега царна иза хIун ю интернетехула, амма аьттехьа а дойла дац цара оцу каналах дола".

 

ЯнгулбаевгIар кхоьру, нагахь санна шайн нана Нохчийчохь лаьцна дукха латтаяхь, иза яларна. ДIаюьгучу хенахь тиларчуьра яьлла хилла Мусаева Зарема, шекар совдуьйлу диабет а, кхидолу лазарш а ду цуьнца, цу тIе ковид гучуяьлла а хилла йиггале хьалха. ДIайигина зуда чохь лелош долу къархашца, ур-атталла молханаша схьа ца оьцуьйтуш.

"Иштта адам лачкъоро гойту мел гена баьржаш лаьтта Кадыровгара ницкъ. Оьрсийчохь меттиг яц, иза шена критика ечу наханна тIе ца кхачалуш. Меттигера ницкъхой юкъагIоьртар а бац, конфликташ хьашт яц царна. Бакъоларъярхо я журналист Оьрсийчоьнан муьлххачу а регионехь хиларх, цо кIеззиг а Нохчийчуьрчу Iедална цатовриг аьллехь, ву кхерамна кIел", – билгалдаьккхира Янгулбаев Абубакара.

Цунна гарехь, бехктакхаман гIуллакх муьлххачу а дамна дуьхьал айдан бахьана хилчхьана тоьуш ду Нохчийчуьрчу ницкъашна, иза ай а дой, дIавига тарло стаг.

"Камчаткехь хиларх а, я Калининградехь хиларх а кхачор ву Нохчийчу, ткъа цигахь адам довш ду. Ницкъхоша ала мега: оха хаттам а бина, дIахийцира, иза цул тIаьхьа стенга вахана тхан бала бац", – боху Янгулбаевс.

Теш ву бохург  – иза бахьана ду

Оьрсийчоьнан Iедало сихха новкъарло ян еза Мусаев Зарема ядийначарна, чекхдаккхийта деза Нохчийчоьнан Iедалхошка Кадыров емалвечу блогерийн, жигархойн гергарчарна тIехь латтаден Iазап. Иштта хила деза, кхечу пачхьалкхашца санна, Оьрсийчоьнца дерг а – иза ша лелочу харцонех юхаяьккха еза, аьлла ду дкьненаюкъарчу адамийн бакъонаш ларъечу Amnesty International цхьаьнакхетаралло дина дIахьедар.

Кавказера гIарадевлла девнаш Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле кхачочу адвоката Гнездилова Ольгас иштта мах хадабо Мусаева лачкъоран:

"Кхузахь теш иза ю бохург – иза бахьана ду, ЯнгулбаевгIар Нохчийчуьра дIабахана дуккха а хан хьалха, уьш хуьлийла дац цигахь динчу зуламан декъахь. Цу тIе, церан воI ву адамийн бакъонашкахьа къийсалучех. Теорехь оццу Нохчийчохь а ю бакъо Мусаевана адвокат лаца а, иза Iазапах хьалхаяккха а, цунна инсулин далийта а. Амма дуккха хан ю Нохчийчоь низамех яьккхина. ХIунда дуьйцу, мехкан куьйгалхоша шаьш Лакхарчу кхелан хьалхарчу даржхочунна а етташ хилча?"

 

Гнездилова Ольгин цхьа а шеко яц Нохчийчохь латтош долу Iазар федералан центран пурбанца лелаш хиларх. Мусаева Зарема лаьцна меттигера полици дIаяхча, ткъа цигарчу ФСБ-но шегара цхьа а накъосталла хьийзочарна ца дича.

"Иза вайна тIебоьссинчу кхераман рогIера тIегIа ю. Бакъонашларъярхошна, журналисташна кхераме ду хIинца – церан гергарнаш леца а лецна, Iазапна бухабахьа сахьт дац", – боху Гнездиловас.

Некъаш лайлахь хиларна, хенан хIоттам дика бацарна, Дечкен-беттан 22-чохь бен Мусаева эцна боьлху ницкъхой кхочийла дац Нохчийчу, элира юрист "Iазапна дуьхьалояран комитетан" юриста Бабинец Сергейс. Зудчуьнга талламан экспериментехь дакъалоцуьйтур ду, кехаташа бахарехь, Дечкен-беттан 24-чохь.

"Тхоьца зIене цхьа а ца ваьлла, тхоьга хоьттуш Iхума дац ницкъхоша. Тхо тхаьаш ду хилларг толлуш, тешаш лохуш. Оха арз дахьийтина прокуратуре, Янгулбаев Сайди кхачийна дарбан цIийне экспертиза яйта, арз кечдеш дуо ха Европан Кхеташорар адамийн бакъонийн комиссаре а, Цхьанакхеттачу Къабмнийн организаце а, цара цхьа накъосталла дан деза", – элира Кавказ.Реалиига Бабинец Сергейс.

***

Шо хьалха Нижний Новгородехь ницкъхоша лачкъийра вежарий Магомадов Салахь а, Исаев ИсмаьIал а, Оьрсийчуьрчу ЛГБТ-машано Мохчийчуьра дIаваха аьтто бинчул тIаьхьа. Юьхьанца уьш лачкъийна бохург бакъ ца дора меттигерчу полисхоша, амма тIаьхьо элира адвокате, шаьш тешаш санна дареш дан кхайкхина талламо. Вежарий Гуьмсе кхачийра, бехкебира террорхошна гIодарна.

Нохчийчохь ГIура-баттахь гергаранаш лийцира адвокатийн Янгулбаев Абубакаран а, Садулаев Мансуран а, Арцуев Асланан а, иштта блогерийн Абдурахманов Тумсон а, Халитов Халидан а, Мализаев Микаилан а.

Нохчийчохь оппозиционерийн гергара нах лецарна, набахтешкахь Iазап латторна дуьхьал Дечкен-беттан 8-чохь митинг хIоттийра Францерчу Страсбургехь. Иза кечйинчу юкъараллех цхьаъ яра Европерчу нохчийн ассоциаци – исс пачхьалкхехьбеха цуьнан декъашхой.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Лучших сотрудников онкодиспансера Подмосковья наградили благодарностями Госдумы

Амарал — о трансферах: важно, чтобы Станковичу было комфортно работать с игроками

ФАС РФ поддерживает ограничение экспорта дизельного топлива для непроизводителей

Роспотребнадзор изъял 60 тонн продукции из-за отравлений в Москве

Музыкальные новости

Театр и Цирк, Культура и Концерт, Россия и Дети: Учащиеся Гурульбинской школы восхитились мастерством жонглирования, игрой с хула-хупами, иллюзионистами цирка Бурятии

Сергей Собянин: Активно укрепляем отношения с Китаем

В "Атомайз" рассказали о смарт-контракте как главной составляющей ЦФА

Триумфальное возвращение Льва Лещенко на сцену спустя месяцы затишья. Артист презентовал дуэт с солистом группы “Парк Горького” Сергеем АРУТЮНОВЫМ

Новости России

Ульяновский квас признали одним из лучших в стране

Приезжий неадекват затушил свечи в московском храме и стал фигурантом уголовного дела

Фермерам Подмосковья безвозмездно предоставили более 1,2 тысячи гектара земли

Товарооборот России и ЕС упал до €5,6 млрд

Экология в России и мире

Где реально можно купаться летом в Москве и Подмосковье: 8 пляжей которые оборудованы для летнего отдыха

Почти 1000 человек приняли участие в «МедЗабеге»

Лучшим наставником АО «Желдорреммаш» 2024 года стал работник Ярославского ЭРЗ

Tod's, коллекция menswear весна-лето 2025

Спорт в России и мире

Курникова показала трогательные фото Энрике Иглесиаса

«Надо чем-то жертвовать». Арина Соболенко отказалась ехать на Олимпиаду в Париже

Теннисисты Медведев и Рублев сохранили позиции в рейтинге ATP

Экс-теннисист Ольховский: россияне могут хорошо выступить на Уимблдоне

Moscow.media

В Екатеринбурге начался второй этап опрессовок

Портативный сканер штрих-кодов Heroje C1271 промышленного класса

Филиал № 4 ОСФР по Москве и Московской области информирует: Отделение СФР по Москве и Московской области выплатило единовременное пособие при передаче ребенка на воспитание в семью 474 семьям региона

В центре Орла машина сбила двух пешеходов







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *