Кадыровс кхерамаш тийсарх махкахвала дагахь вац бакъонашларъярхо Каляпин
"Кадыровс дуьххаьра ца вина со бехке террорхошна гIо дарна аьлла, Кадыровс дуьххьара ца вина со бехке мостагI ву аьлла. Цкъа а цавахна дIа, ваха план а яц сан", - дIахьедина бакъонашларъярхочо "Газете.ru" зорбан гIирсана еллачу интервьюхь.
Каляпинна хетарехь, Кадыров Рамзанна хетачунна реза воцург муьлхха а "титул лелош ву террористан". "Цхьа а тамаша бан хIума дац. Цуьнан реакцеш ю 5 шо кхаьчначу беран санна, кемпет дIаяьккхинчу", - дIахьедина бакъонашларъярхочо.
Де хьалха, Кадыров Рамзана дIахьедар дира шен телеграм-каналехь, "террорхойн гIоьнчаш" леца беза аьлла. Иштта олу Кадыровс "Iазап лелорна дуьхьал Комитетан" (организаци юкъатоьхна ю НКО-"иноагентийн реестрна"), Оьрсийчоьнан президенто Iуналла дечу адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонан декъашхочух Каляпин Игорах а, "Новая газетан" журналистах Милашина Еленех а лаьцна. Нохчийчоьнан куьйгалхочо дийцарехь, нохчашна тIехь ахча доккхуш бу уьш, "сценареш кхуллуш а, шайн персонажашна лерга тексташ а, муха лела деза дуьйцуш а". "Нагахь Оьрсийчохь низам а, низамашлардон органаш а елахь, цаьрга боху ас: схьалийца и террорхойн гIоьнчаш", - яздина Кадыровс.