Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Шантаж еш Нохчийчура сурт даийтина оппозицин блогере Халитов Хьасане

Шантаж еш Нохчийчура сурт даийтина оппозицин блогере Халитов Хьасане

Туркойчохь эмиграцехь волчу Нохчийчуьрчу Iедалшна оппозицехь волчу блогерга Халитов Хьасане сурт кхаьчна цуьнан доьзалца доьзна долу (цхьаболчу хаамашца йишйин). Иза интернетехь даржо цалаахь республикан куьйгалла критика яр сацаде, боху цуьнша, яздо Кавказ.Реалиино.

Цо яздарехь, иштта сурт даийтина хиларх лаьцна дуьххьара хаам бина "Вайфонд" боламан телеграмм-канала. И хаам тIечIагIбина шен видеокхайкхамехь нохчийн блогера Абдурахманов Тумсос. Цул сов шанташах лаьцна хаам бакъбина IADAT боламан векалша а.

Дийцарехь, сьурта тIехь ю шен доьзал а болуш еха зуда.

Стохка ГIуран-беттан 24-хь Халитов Хьасана дийцира "Дождь" телеканале (Оьрсийчоьнан Iедалша "арахьара агент" лерина. Редакци реза яц оцу сацамца.) махкахь бисинчу шен вежаршца а, деца а зIене ца валало ша аьлла. Хьалхо шен нахана тIеIаткъам бина дела, царна ша сагатдеш хиларх хаийтина Халитовс.

Доккхачу декъанна, блогеран гергарчаьрга видео дIаязъяйтинера "сийсазвеш, дов деш" кхунна. Цул совнах, телефонехула динчу къамелехь Халитовн вашас дийцинераа, нагахь санна, блогер "ца сацахь", шаьш дойур ду, бохуш, кхерамаш тийсинера шайна аьлла.

Нохчийчоьнан зорбанан министро Дудаев Ахьмада, Халитовн дIахьедарх дуьйцуш аьлла, республикан Iедалхойн "гIуллакх дац дозанал а арахьа бехачу клоунашца" аьлла.

Истанбулан полицин терроризмца къийсам латточу урхалло а, Туркойчоьнан Халкъан талламийн хьукмато а, шаьш махка арахьара чувеъна ялх стаг лаьцна, уьш шпионаш хила тарло, хаам баржийнера ГIадужу-беттан 9-чохь. Герз а, патармаш а даьхна цаьргара, лаххара а цхьаьнгахь карийна Оьрсийчоьнан паспорт.

Талламхошна хета уьш тIелатар кечдеш хиллера аьлла, Туркойчохь бехачу нохчийн оппозиционершна, шайна юкъахь Халитов Хьасан а волуш.

ГIадужу-бутт чекхболуш нохчийн болгера Халитов Хьасана бехке вира Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, ницкъаллин структурийн белхахо хиллачу Арсанукаев Ахьмадан гергарчаьрга шен доьзална чIир кхайкхор вовшахтохарна.

Блогерша а, юкъараллин жигархоша а, бакъонашгларъярхоша а хаам бира, ГIура-бутт чекхболуш Нохчийчохь беха шайн гергара нах Iедалхоша дIабигарх лаьцна. Бара царна юкъахь бакъоларъярхой Янгулбаев Абубакар, Садулаев Мансур, Арцуев Аслан. Иштта оппозицин блогерш, Швецехь веха Абдурахманов Тумсо, Германера Мализаев Минкаил, Туркойчохь веха Халитов Хьасан.

Дечкен-беттан 7-хь Оьрсийчуьра а, дуьненаюкъара а юкъараллаш, шайлахь Human Rights Watch, Norwegian Helsinki Committee, Amnesty International, International Federation for Human Rights, Iазапашна дуьхьалояран Комитет, арахьарчу агентийн тептаре яьккхина "Мемориал" а, "Гражданское содействие" а йолуш, президенте Путин Владимире бевлла. Цара дIахьедина, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан критикийн гергарнаш байначу баттахь Нохчийчохь лечкъийна хиларх, тIедожийна Нохчийчуьра репрессеш хIуъа дай сацайе аьлла. Кремло тергал ца дина иза.

Нохчийчохь оппозиционерийн гергара нах лецарна, набахтешкахь Iазап латторна дуьхьал Дечкен-беттан 8-чохь митинг хIоттийра Францерчу Страсбургехь. Иза кечйинчу юкъараллех цхьаъ яра Европерчу нохчийн ассоциаци – исс пачхьалкхехьбеха цуьнан декъашхой.

Дечкен-беттан 20-чохь, шаьш Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахой ду аьлла, цхьа нах чулилхира Лахарчу Новгородехь бехачу ЯнгулбаевгIеран хIусаме. Курхалла лелорах долчу гIуллакхца доьзна тешаш санна лебан нуьцкъаша суьдхочун болх бина Янгулбаев Сайди а, цуьнан хIусамнана Мусаева Зарема а дIабига бакъо луш, кехаташ дара цаьргахь. Янгулбаев Сайдин суьдхочун статус хиларна, цунах куьйг Iотта йиш яцарна, полисхоша цхьа Мусаева дIайигира. Амма йиттинера оцу петар чохь мел хиллачунна, ЯнгулбаевгIеран доьзална а, адвокатна а, "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" белхахошна а.

Дечкен-беттан 21-чохь Нохчийчоьнан куьйгалхочо видео дIаязйира, ЯнгулбаевгIеран доьзална кхерамаш туьйсуш. Цо дIахьедира, "оцу доьзале хьоьжуш меттиг бу йа набахтехь, йа лаьтта бухахь". Иштта цо чIагIдо, Соьлжа-ГIала ша схьакхачийначул тIаьхьа Мусаева "полицин белхахочунна тIелеттера, бIарг баккханза ваьлла иза" аьлла.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Счетная палата добилась рекордного штрафа на 100 миллионов рублей для «Почты России»

Торжественная присяга ВПК «РОСИЧ»

Удушить возбудителей. Эксперты объяснили, как защититься от ботулизма

Собянин: Фармкластер в ОЭЗ «Технополис «Москва» станет крупнейшим в стране

Музыкальные новости

Галина Ржаксенская впервые стала участником ПМЭФ в Санкт-Петербурге

Филипп Киркоров, Люся Чеботина, SHAMAN – 25 ярких звезд в Открытой студии «Авторадио» на «Премии МУЗ-ТВ 2024»

Совместное заявление участников круглого стола, приуроченного ко «Дню защиты прав безвинно осужденных»

РБК: в Москве из-за случаев ботулизма приостановили продажу некоторых продуктов

Новости России

Удушить возбудителей. Эксперты объяснили, как защититься от ботулизма

Казань вошла в топ-3 городов России по дороговизне комнат

Московские врачи восстановили 10-летнему кемеровчанину лицо после тяжёлого ДТП

Пользователям доступна новая функция на портале архивно-библиотечного фонда ВДНХ

Экология в России и мире

Токсиколог Кутушов назвал признаки теплового удара и правила первой помощи

Prada, коллекция menswear весна-лето 2025

Жена туриста, убитого электрическим током во время купания в джакузи на курорте, подала в суд прямо с больничной койки

Доктор Кутушов: не стоит носить кроссовки в жару

Спорт в России и мире

Саснович победила на старте квалификации турнира WTA-500 в Берлине

Экс-теннисист Ольховский: россияне могут хорошо выступить на Уимблдоне

«Ну и где здесь «группа смерти?» ATP показала, каким был бы Евро-2024 с теннисистами

Рублёв и еще два российских теннисиста не сыграют на Олимпиаде в Париже

Moscow.media

Бесплатный билет в музеи Зеленоградска от «ПАРАDOX» и BelkaCar

В центре Орла машина сбила двух пешеходов

Храм Преображения Господня в Коммунарке

ТСД промышленного класса Saotron RT-Т510







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *