ЦIера суьрташ кхоьхьуьйтуш шантаж еш ю нохчийн блогерна
![ЦIера суьрташ кхоьхьуьйтуш шантаж еш ю нохчийн блогерна](https://gdb.rferl.org/ff500fe1-9820-4687-8573-6d008442c9cb_tv_w800_h450.jpg)
Нохчийн оппозицин блогера Халитов Хьасана дIахьедина, Нохчийчоьнан Iедало шен жимах йолу йиша Хасима, лачкъа а йина, шантаж еш ю шена аьлла. Цо бахарехь, тIехь бедарш йоцуш даьккхина йишин сурт даийтина цуьнга, республикан куьйгаллина критика яр сацадар тIе а дожош. Шаьш бохург цадахь цуьнан сурт интернетехула даржор ду шаьш аьлла кхерам тесна шантажхоша