Германехь Оьрсийчоьнан махкахо лаьцна шпионаж лелорна
![Германехь Оьрсийчоьнан махкахо лаьцна шпионаж лелорна](https://gdb.rferl.org/D658A2AF-D41F-40C7-A624-7B5F38733F0B_w800_h450.jpg)
Германерчу прокурораша лаьцна Оьрсийчоьнан махкахо, Москвагахьа шпионаж лелорна иза бехке а вина. Цунах лаьцна хаам бо "Американ аз" портала.
Прокуратурин версица, Оьрсийчоьнан талламхошна хаамаш бухкуш хилла цо аэрокосмосан технологех лаьцна, ша аьлча Ariane ракетах лаьцна.
Прокурораша дIахьедина, Ильнур Н. цIарца вуьйцуш волу и стаг Iилманан белхахо санна болх беш хилла Баварерчу университетехь. Иза лаьцна стохка Мангал-беттан 18-хь. Цара дийцарехь, Оьрсийчоьнан арахьарчу талламан сервиса дуьххьара юкъаметтигаш дIатесна хилла цуьнца 2019-чу шарахь гуьйранна.
Оьрсийчоьнан талламхошна оьшург хилла Европан Ariane ракетах лаьцна хаамаш.
Дийцарехь, хIоразза а талламан сервисан белхахочуьнца цхьаьнакехетча шпионаж лелочунна кхаъ луш хилла 2500 евро.