Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Нохчийчохь шен гергарчарна Iаткъамбар марсадаьккхина, боху блогера Халитовс

Нохчийчохь шен гергарчарна Iаткъамбар марсадаьккхина, боху блогера Халитовс

Туркойчохь эмиграцехь волчу Нохчийчоьнан Iедалшна критикаярхочо, блогера Халитов Хьасана хаам бина, республикехь бехачу шен гергарчу нахана Iедалша беш болу Iаткъам марсабаккхарх лаьцна.

Халитовс дийцарехь, кху деношкахь балхара дIаваьккхина цуьнан да. Иза хехо болх беш хилла Соьлжа-ГIалахь гIишлошъяран фирмехь. Блогаран цхьа йиша, цо ша дийцарехь, бизнесах яьккхина кадыровхоша, нуьцкъала дIачIагIийтина цуьнга шен Закан-Юртара (ТIехьа-Мартанан кIошт) ателье.

Халитов тешна ву, шен доьзална дуьхьал репрессеш еш хиларх, республикан куьйгалхочуьнан лаамца. Цунна хетарехь, цуьнан гергарчу нахах изгойш бина, церан масалца кхиболу республикера бахархой кхерорхьамма.

"Кадыровхой шайн пхьаьрсийн голанех цергаш туьйсуш бу, информацин аренехь шаьш ас эшош хиларна. Кхин аьтто бац церан суна Iаткъам бан, сан гергара них хьийзон а бен", - аьлла хета оппозицин блогерна.   

Халитовс иштта дуьйцу, шен шалавина вешина вен кхерам хиларх лаьцна. "Цуьнга аьлла, иза ша шена тоьхна вала ойланаш йолуш ву аьлла. Суна хетарехь, иза вен мегаш ву, цо ша шена тIе куьгдаьхьна алла сурт а хIоттош. Цуьнан а, сан а йиша баттахь латтийна набахтехь, саццаза хьийзийна иза, ткъа цул тIаьхьа дIайигна ролик язъяйта"- боху Халитовс.

Цо дийцарехь, Нохчичоьнан куйгалле аьлла хилла цо, схьадуьйла, я шайн адамаш дахкийта ша волчу Туркойчу, ша волу меттиг а хаийтина хилла цо республикан зорбан а, информацин а министр волчу Дудаев Ахмеде, амма цхьа а ца веъна.

Де хьалха, Нохчийчоьнан куьйгалхочосКадыров Рамзана, парламентан гIантдеца цхьана шен инстаграмехь эфир д1ахьуш, кхайкхам бира Халитовга.

"ХIара сан шича ву, – элира Кадыровс, цхьа жима стаг мара а вуллуш. - ХIара сборашкара цIавеъна, цхьана-шина-кхаа дийнахь Истанбулехь, ткъа цул тIаьхьа Анталехь хила везаш ву хIара. Ахь ала, мича дIава лаьа хьуна хIара, ткъа хIара дIавогIур ву хьуна цига аьлла". 

 

Туркойчохь эмиграцехь волчу Нохчийчуьрчу Iедалшна оппозицехь волчу блогере Халитов Хьасане сурт кхаьчна цуьнан доьзалца доьзна долу (цхьаболчу хаамашца йишин). Иза интернетехь даржо цалаахь республикан куьйгаллана критика яр сацаде, боху цуьнг.

Стохка ГIуран-беттан 24-хь Халитов Хьасана дийцира "Дождь" телеканале (Оьрсийчоьнан Iедалша "арахьара агент" лерина. Редакци реза яц оцу сацамца.) махкахь бисинчу шен вежаршца а, деца а зIене ца валало ша аьлла. Хьалхо шен нахана тIеIаткъам бина хиларна, царна ша сагатдеш хилар хаийтина Халитовс. Доккхачу декъанна, блогеран гергарчаьрга видео дIаязъяйтинера "сийсазвеш, дов деш" кхунна. Цул совнах, телефонехула динчу къамелехь Халитовн вашас дийцинераа, нагахь санна, блогер "ца сацахь", шаьш дойур ду, бохуш, кхерамаш тийсинера шайна аьлла.

Нохчийчоьнан зорбанан министро Дудаев Ахьмада, Халитовн дIахьедарх дуьйцуш аьлла, республикан Iедалхойн "гIуллакх дац дозанал а арахьа бехачу клоунашца" аьлла.

Дечкен-беттан 7-хь Оьрсийчуьра а, дуьненаюкъара а юкъараллаш, шайлахь Human Rights Watch, Norwegian Helsinki Committee, Amnesty International, International Federation for Human Rights, Iазапашна дуьхьалояран Комитет, арахьарчу агентийн тептаре яьккхина "Мемориал" а, "Гражданское содействие" а йолуш, президенте Путин Владимире бевлла. Цара дIахьедина, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан критикийн гергарнаш байначу баттахь Нохчийчохь лечкъийна хиларх, тIедожийна Нохчийчуьра репрессеш хIуъа дай сацайе аьлла. Кремло тергал ца дина иза.

Нохчийчохь оппозиционерийн гергара нах лецарна, набахтешкахь Iазап латторна дуьхьал Дечкен-беттан 8-чохь митинг хIоттийра Францерчу Страсбургехь. Иза кечйинчу юкъараллех цхьаъ яра Европерчу нохчийн ассоциаци – исс пачхьалкхехьбеха цуьнан декъашхой.

Дечкен-беттан 20-чохь, шаьш Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахой ду аьлла, цхьа нах чулилхира Лахарчу Новгородехь бехачу ЯнгулбаевгIеран хIусаме. Курхалла лелорах долчу гIуллакхца доьзна тешаш санна лебан нуьцкъаша суьдхочун болх бина Янгулбаев Сайди а, цуьнан хIусамнана Мусаева Зарема а дIабига бакъо луш, кехаташ дара цаьргахь. Янгулбаев Сайдин суьдхочун статус хиларна, цунах куьйг Iотта йиш яцарна, полисхоша цхьа Мусаева дIайигира. Амма йиттинера оцу петар чохь мел хиллачунна, ЯнгулбаевгIеран доьзална а, адвокатна а, "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" белхахошна а.

Дечкен-беттан 21-чохь Нохчийчоьнан куьйгалхочо видео дIаязйира, ЯнгулбаевгIеран доьзална кхерамаш туьйсуш. Цо дIахьедира, "оцу доьзале хьоьжуш меттиг бу йа набахтехь, йа лаьтта бухахь". Иштта цо чIагIдо, Соьлжа-ГIала ша схьакхачийначул тIаьхьа Мусаева "полицин белхахочунна тIелеттера, бIарг баккханза ваьлла иза" аьлла.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

На конференции в Дубне обсудили развитие наукоградов

Музей Андрея Рублева представит экспозицию, посвященную древним текстильным изделиям

ZDF: между Шольцем и Бербок возникли разногласия по поводу санкций против России

Криптопроекты: услуги и разработка от Компании Blockchain Projects LLC

Музыкальные новости

«Магнит» планирует строительство нового склада в Ленобласти

В «Институте регионального развития» при Уральской ТПП прошел семинар «Возможности оптимизации налогов для производства и налоговые риски»

В Дубне сотрудники Росгвардии помогли утиному семейству перейти оживленную трассу

Социальные и ESG-проекты ГПМ Радио названы лучшими в России

Новости России

Криптопроекты: услуги и разработка от Компании Blockchain Projects LLC

"КазМунайГаз": Казахстан до конца года поставит в ФРГ более 1 млн тонн нефти

Музей Андрея Рублева представит экспозицию, посвященную древним текстильным изделиям

Депздрав Москвы: массового отравления, вызванного ботулизмом, не зафиксировано

Экология в России и мире

Назван российский город, откуда в Турцию срочно увеличивают число рейсов, впервые поставив широкофюзеляжный самолет Airbus 330

Завершилась первая цикловая встреча региональных руководителей компании AlfaBiom

Лучшие образы на лето, от которых захватит дух

Более 340 тыс. кв м асфальта отремонтировали во дворах Подмосковья

Спорт в России и мире

Елена Рыбакина «заменила» Геннадия Головкина

«Ну и где здесь «группа смерти?» ATP показала, каким был бы Евро-2024 с теннисистами

Соболенко и Димитров вместе потренировались на «Уимблдоне»

Хачанов вылетел с турнира ATP в Хертогенбосхе после первого же матча

Moscow.media

Ученые создали «умные» капсулы для мониторинга здоровья

Росгвардейцы обеспечили охрану общественного порядка в День поселка Вербилки

Большая часть российских автомобилистов готова перейти на б/у запчасти

Гроза роскошных седанов от BMW и Mercedes-Benz. История Fiat 130







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *