Ростов-на-Дону гIалахь хаам бина иттаннаш школашна бомбанаш йохкарх лаьцна
Ростов-на-Дону гIалахь масех хаам кхаьчна анонимашкара иттаннаш школашкахь бомбанаш йоьхкина хиларх лаьцна. Берриг а цу тайпа хаам бу лаххара а 25, хоуьйту "Интерфакс" агенталло, шен хьастана тIе а тевжаш.
"КП-Ростов-на-Дону" зорбан гIирсан хьасто дийцарехь, дийцарехь, уггар хьалхара цу тайпа хаам кхечира Горький Максиман урамехь йолчу № 49 школах лаьцна.
Оцу информацина официаланан тIечIагIдар карарчу хенахь доцуш ду, амма журналисташка аьлла, хаамаш толлуш ду шаьш аьлла. Юьйцучу школашна хьалха ха деш бу лерринчу сервисийн белхахой.
Иттех де хьалха Ростов-на-Дону гIалахь эвакуаци йира 85 школехь минанаш ехкина аьлла хаама кхачар бахьана долуш. Оццу дийнахь бераш а, белхахой а школашкара кIелхьарбехира Екатеринбургехь а, Красноярскехь а, Волгоградехь а.