Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

СПЧ-н куьйгалхо: суьдхочун Янгулбаевн зуда Нохчийчу дIакхачийна низамо ма бохху

Оьрсийчоьнан президентан хьехамчо, адамийн бакъонашкахула йолчу кхеташонан (СПЧ) гIантдас Фадеев Валерийс дIахьедина, нохчийн суьдхочун Янгулбаев Сайдин зуда Мусаева Зарема лаьцна Нохчийчу дIайигар хилира Оьрсийчоьнан "уголовно-прецессуалан кодексан нормашца догIуш ма хиллара" аьлла. Цунах лаьцна дуьйцуш ду СПЧ-н сайта тIехь, хаам бо Радио Свобода зорбан гIирсо.


Фадеевн комментарехь дуьйцуш ду "юридикан низамашца хьажча? хьал кхеташ ду", ткъа ша Мусаева Соьлжа-ГIала дIакхачийна бехктакхаман гIуллакхехула теш санна".


"Хета, хьал кхин дIа а низаман гурашкахь хир ду аьлла а, ткъа суьдо дина таIзар текхна яьлча Мусаева Зарема маьршайоккхур ю аьлла а", - дIахьедина СПЧ-н гIантдас.


Дечкен-беттан 20-чохь, шаьш Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахой ду аьлла, цхьа нах чулилхира Лахарчу Новгородехь бехачу ЯнгулбаевгIеран хIусаме. Курхалла лелорах долчу гIуллакхца доьзна тешаш санна лебан нуьцкъаша суьдхочун болх бина Янгулбаев Сайди а, цуьнан хIусамнана Мусаева Зарема а дIабига бакъо луш, кехаташ дара цаьргахь. Янгулбаев Сайдин суьдхочун статус хиларна, цунах куьйг Iотта йиш яцарна, полисхоша цхьа Мусаева дIайигира. Амма йиттинера оцу петар чохь мел хиллачунна, ЯнгулбаевгIеран доьзална а, адвокатна а, "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" белхахошна а.  



КIирандийнахь ренспубликан инфрмацин а, зорбанан а министро Дудаев Ахмеда хаам бира, Мусаевана 15 де-буьйса админитративан лацаран кхел йина аьлла, полисхочунна тIелетар дарна а, иза сийсаз варна а.
Дечкен-беттан 21-чохь Нохчийчоьнан куьйгалхочо видео дIаязйира, ЯнгулбаевгIеран доьзална кхерамаш туьйсуш. Цо дIахьедира, "оцу доьзале хьоьжуш меттиг бу йа набахтехь, йа лаьтта бухахь". Иштта цо чIагIдо, Соьлжа-ГIала ша схьакхачийначул тIаьхьа Мусаева "полицин белхахочунна тIелеттера, бIарг баккханза ваьлла иза" аьлла.
Кадыровс чIагIдо, ЯнгулбаевгIеран доьзал IАДАТ оппозицин телеграм-канлаца боьзна бу бохуш. Шоьтан дийнахь вистхуьлуш цо бехкебина ЯнгулбаевгIерани доьзал террористийн агIончаш а бу. Туркойчхочхь полисхочун лаьттинчунна тIелатар дарна а гунахь бу аьлла.
Цул сов, Кадыровс кхайкхамбина Оьрсийчуьрчу Лакхарчу кхеле Янгулбаев Сайди суьдхочун статусах ваккха аьлла. Кадыровн дешнаш бакъ цахиларх дIа а хьедеш, Янгулбаев Сайдин а, Мусаева Заремин а воккхаха волчу кIанта Янгулбаев Абубакара кхайкхамбина Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире, "Дождь" телекална интервью лучу заманчохь, Нохчийчоьнан куьйгалхо волчуьра Кадыров Рамзан дIаваккха аьлла.




 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *