Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Муха стамло террорхойн тептар

КАДЫРОВН ЗАКЪАЛТХОЙ



Оьрсийчохь кхуьуш ю Нохчийчуьрчу Iедало, ерриг а пачхьакхехула шен ницкъхой дIаса а хьежош, Кадыров Рамзан а, цуьнан го а резабоцу нах, цхьацца бахьанашца махкахбевлла нохчий, дIалехьош хиларна дуьхьал гIаьттина протест.


Нижний Новгородехь Дечкен-беттан 20-чохь яххьех тIуьтмIаьжигаш йоьхкина, могIарчу нехан духарахь хилла герзахой, шаьш Нохчийчуьрчу полицера ду аьлла, чулилхина адамийн бакъонаш ларъярхочун Янгулбаев Абубакаран ден а, ненан а хIусамна. Цуьнан да, федералан суьдхочун даржах мукъаваьлла веха Янгулбаев Сайди хьаван ца хIиттина уьш, амма ницкъаша петар чуьра ара а такхийна, Соьлжа-ГIала дIайигина нана – Мусаева Зарема.




 


Тхоьца видеозIенехь ву Iазапна дуьхьалояран комитетан куьйгалхо Бабинец Сергей а, бакъонашларъярхо Истеев Давид а.


- Сергей, низамаш лардечу хьукматийн векалша, полицин белхахоша, Нижний Новгородерчу ФСБ-н урхалло муха туьду Дечкен-беттан 20-чохь хилларг? Бакъо юй цхьаьннан а федералан суьдхочун хIусамна иштта чулелха, хуьлда иза даржах мукъаваьлла а?








Бабинец Сергей: Цхьана кепехь хаийтина хIума дац. Оха дина дIахьедарш тергал а ца до. Тхо Сайдица, Заремица церан хIусамехь Iачу муьрехь Нохчийн Республикера баьхкина полисхой парггIат арарчу ламеш тIехь къамелаш деш Iара, Янгулбаев Сайдис, федералан суьдхо хиллачо, ФСБ телефон тоьхча – ФСБ декхаре ю кхелехь болхбечу а, бинчу а наханна кхерамзалла латто. ФСБ-но полице дIахьажийра информаци. Маситтазза туьйхира оха полице телефон, а ца баьхкира цигара. Зарема ницкъаша дIайигина кхо сахьт даьлча полисхой кхечира, зулам дарх долу тхоьгара арз дIа а эцна, цхьаьнггера а оьцуш тоьшаллаш а доцуш, дIабахара.


Торочешникова Марьяна: Иштта хьовзар адам лачкъор лорий аш?



Бабинец Сергей: Иштта ала а бац тхан бух, полисхошкахь Соьлж-ГIаларчу талламчас арахецна сацам бара, бозбуанчаллица доьзна гIаттийначу гIуллакх толлуш, куьг дара бухаяздина, тоьхна мухIар а дара кехата тIехь. Теш тIевалорах даккха ант доцуш хIоттийна кехат дара цаьргахь. Амма дацара цу тIехь къастош, муьлхачу кепехь лору толлучу девна юкъа Мусаева а, Янгулбаев а озор, иза яздина хила дезаш делахь а.


Дагалоцур вай ЯнгульбаевгIеран истори. 2017 шарахь жимахволу кIант – Янгулбаев ИбрахIим – лецира нохчийн полицино, шайн декъа дIа вигина, цо дийцарехь, йиттира, гIело латтийра цунна тIехь. Тхайн карахь йолчу бакъонашца тхан аьтто ца баьлла бехктакхаман дов а йдайта, цундела оха арз хьажийна Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле. И бохам шайна нисбелча Янгулбаев Сайдин доьзал Нижний Новгороде дехьабелира, маьрша бехаш бара, хIинца шайна тIаьхьа Iедалхой бовллалц.


Нохчийчуьрчу Iедало Янгулбаев ИбрахIим бехкево шайна дуьхьал критика еш долу Telegram-канал лелорна. Оцу хьокъехь дуккхаза а дийцина меттигерчу хаамийн гIирсаша а, ша Кадыровс а. Кхело экстремизм яржайо оцу канало аьлла сацамбина. Дуккха а хан яра и канал лаьтта а, цо Нохчийчуьрчу Iедалан садуу а. Оцу бахьаница ду Мусаева Зарема лацар а, тхуна гергахь.


Торочешникова Марьяна: Оцу доллучу а хьоло шовинизм а айъйо Оьрсийчоьнан юкъараллехь. Дукха ю хIара тайпа комментареш: "Нохчийн ницкъхой Нижний Новгороде бахана, шайн низам хIоттош бу кхузахь, цхьа а вац царна дуьхьало еш".



Бабинец Сергей: Оццул низам лардарца ледарло ялийтина Нижний Новгород-мехкан низамхоша шайгара, и тайпа "операци" дIаяхьа магорца а, шаьш, гарехь, гIодарца а, цундела боху наха, шайх цхьаъ нислахь орцахдала хир дац шайна шайн махкара Iедал.


Амма нохчашна Оьрсийчохь хIуъа а лелон мега аьлла хетачийн резабацарш ас кхечу агIор дIахьовсор дара. Федераци ю вайн пачхьалкх, низам цхьабосса хила деза массарна а. Бакъду, цхьана регионна мега ерриг а пачхьалкхехула дIаса а хехкалуш, кхечу регионашкахь и саннарг лелон а, бухарчу коллегашкара гIо шайна деха а. Амма иштта баьхкинчу хьешашка низам лардайта а деза, ткъа иза ца дина. Сихха орца кхачийна хила а дезара цара, шайга телефонаш йиттина хилча, аьрзнаш дIакхачийна хилча, талла дезара хилларг – кIира даьлла, амма тийна Iа меттигера Iедал.


Торочешникова Марьяна: Давид, ахь Нохчийчуьра бовда безначу дукха наханна гIодина. Амма оцу наханна тIаьхьа а оьхуш, уьш лечкъа а беш, юхабигина республике. ДIабигинчул тIаьхьа доьза байъинарш а бу. Баккъал а буй оцу бехкан декъахь кхечу регионашкара низамхой?


Истеев Давид: Ду иза иштта, Нохчийчуьрчу ницкъхошна гIодо Оьрсийчуьрчу полицино. И тайна истореш дукха ю тхан. Нохчийн хIора доьзалехь санна ву полисхо я полицехь ву гергарниг. Аьтто бу стаг дехьа-сехьа ваьлла меттиг хаа, SIM-карташ талла, банкера къайленаш йовза, ял елла а, болхбен а меттиг хаа. Масалш ду, гергарчара Москва а кхочий, цигарчу полицин гIоьнца видеорегистраторшкара материалаш яьхна а. Кхерамзалла яц оцу аьIнехь ур-атталла Москвахь а: стаг караво метрон видеошца, отелашкарчу баххашкахула.








Торочешникова Марьяна: Аьлча а, Нохчийчохь хьийзош верг сихха дозанал аравада веза-кх?


Истеев Давид: Даима а дац иза дан оьшуш. Стаг мел чIогIа лоьху, цуьнан гергарчара цунна мел аьтто бо кIелхьарвала я иза схьалохуш, доьзалан ахчанца таронаш муха ю а тIехь ду декъа нийслуш. Делахь а, дукха хьолехь Нохчийчуьра стаг вада везаш нисло дозанал арахьа. Кадыров Рамзанна мел боккха Iаткъам цо бина хьажжина нисло иза лехар. Доккха халахетар динехь, чккхий таронаш арайоху стаг лаца. Доьхнарг ду адамна дуьхьал цо дина а доцург деттар, дуьхьал бекхтакхаман гIуллакхаш "тегар". Оцунна дуьхьало йола даца бу боккха эшам, Нохчийчуьрчу кхелашна массо а хIуманал деза ду шайна лакхара охьахьажош долу омранаш.


Торочешникова Марьяна: Стенна мега-те Кадыровна и дерриг а лелон?



Бабинец Сергей: Власти Iедална атта ду иштаниг ца го кеп лелор, цкъа генадаллац. Цкъачунна иштаниг ма леладе лакхарчу Iедало аьлла меттиг яц Кадыровга. Кадыровс, Даудовс шайн тIаьххьарчу машанашкарчу конференцехь дицинчунна ала-м элира Песков Дмитрийс, "цкъачунна вайн президент Путин Владимир ву, цо луьсту, муха лелон еза арахьара политика, Кадыров Рамзана ца луьсту"


(Радио Свободин эфирера яцйина вариант)

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *